ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь кегийрхойн тоба лаьцнера, Кадыров Рамзан вен кечамбеш хилла аьлла. Иштта хаам баржийна махкарчу зорбанаша. КIирандийнахь 5 сахьтехь къамел а дина, кегийрхойн нанойх къинхетам беш, уьш маьрша битина ша, бохуш, яздо Кадыровс социалан машанехь.

Сих-сиха нах цецбохуш хаамаш бо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. ХIинца зорбанехь дийцаредо, мехкан куьйгалхо вен кечамбеш хилла тоба лаьцна Устрада-ГIалахь, бохуш.

Полисхошна тусаделла хилла меттигера маьждиг дохдечу чоьнна чохь тоба гуллуш, Кадыров Рамзанна кIелоян бартбеш.

Мехкан куьйгалхочо шен Инстаграм агIонтIехь яздо, оцу тобана юкъахь Ташу-Хьаьжин тIаьхьенах жима стаг а, гIаттамхоша вийначу полисхочун ваша а хилла, бохуш.

КIирандийнахь 5 сахьтехь Устрада-ГIалин бахархошца ша динчу къамелах лаьцна а яздо Кадыровс социалан машанехь. Радикалан хьежамашца волу 20 жимстаг вара царлахь, церан кортош хьовзийна ша имам хетачу цхьана хьекъалдоцчу стага, Кадыровс дийцарехь.

Денна бечу хьехамашца цо баржош хилла кегийрхошлахь шега цабезам, ша кхайкхира цхьаьнакхетаре берийн дай-наной, царна ма-дарра дийцира, стенгахь лела, хIун Iалашонашца беха церан кIентий, бохура Кадыровс.

Хастам бу, зулам дан уьш кхиина ца хилла, низамашна уьш тIехбевлла цахиларна, бохуш яздо мехкан куьйгалхочо.

Ютюбехь яржийна видео ю Кадыров Рамзана лецначу кегийрхошца къамел деш.

Дуккха а бу оцу хаамах цатешарш. Тергамчаша и хилам бийцаребеш яздо, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь Кадыров Рамзан вен бинчу кечамах лаьцна яздина дош а дац бохуш.

Цундела шеконе дуьллу наха и сурт.

Шена кIело кечъеш бу цхьа нах, ша вен дагахь бу уьш, мехкан куьйгалхочо дуккхаза а баьхна.

Кавказ-узел агенталло вовшахтоьхна тIаьххьарчу шерашкахь Кадыров вен кIелонаш йина аьлла баржош хилла хаамаш.

2000-чу шарахь федералан «Кавказ» некъатIехь Кадыров Рамзанан джипна уллехь эккхийтар дира.

2002-чу шарахь муьлш бу цахуучу наха Гуьмсан кIоштарчу Ойсхарахь машеннатIе герзаш диттинера.

2003-чу шарахь Цоци-Эвлахь Кадыровн хано новкъарло йира иза вен гIоьртинчу зудчунна. ХIетахь елира иза а, кхин цхьа меттигера яхархо а.

2004-чу шарахь Кадыров вехачу ЦIоьнтарна тIелатар дира гIаттамхоша. ХIетахь, Кадыровс дийцарехь, церан Iалашо яра иза вен.

2008-чу шарахь хаамаш баьржира зорбанехь, ЦIоьнтрахь юха а тIелатар дина Кадыровн кортежна, цунна хадечара дуьхьало яр бахьанехь висира дийна, аьлла.

Ткъа ша куьйгалхочо иза бакъ дац, аьлла дIахьедира.

2009-чу шарахь Нохчийчоьнан ницкъаллин структураша кхайкхийра, Соьлж-ГIалахь Кадыров Рамзанна а, цуьнан шичийна, уллерчу доттагIчунна Делимханов Адамна а кIело йина, аьлла.

Кхушара, хьалхо а, Iорадаьккхира Кадыровс шена кIелоярх лаьцна. Битюкаев Хьамзат куьйгаллехь волчу тобанна тIететтира цо иза хIетахь.

Муха кхетадо ша вен гIертар Кадыровс?

Цкъа цо дина къамел ду хIара. “Сан дуккха а ду уьш дийца. Дагестанера веана-кх цкъа цхьа ши кIант. Уьш а бара со вен арабевлла. Лийцира. Гуш ду бераш къечу доьзалера хилар. Ас бах, дийцал шайн доьзалх лаций. Да вийна, ваша лазийна. Нана бIаьрзе ю. 50 эзар сом оьшура цунна дарбадан, боху-кх. Ас дIакховдий I00 эзар сом, хIахI аьлла, хьайн цIа гIо аьлла".

Иштта дара Кадыровс ша вен гIертачийн кхетийна бахьана.

Журналисташа, хьанна лаьа хьо вен аьлла шега хаьттича, “и шайтIанаш долуш ду. Уьш БитюкаевгIар, УмаровгIар бу” – элира Кадыровс.

Маршо Радионо жоп дийхира нохчийн адвокате Хадисов Мусага, нагахь санна кIелонаш еш елахь, иза низамехь дерзалуш дуй, дуй низамехь цунна лерина таIзар, аьлла.

Юриста ишта жоп хазийра.

Хадисов: «КIело еш, вен дагахь кечам беш хилча, таIзар догIий? Дера догIу. Таллам бина, хьена бехк бу билгалдаьккхина, дан дезаш ду таIзар, низамашца. ТаIзар хIунда ца дина аьлча, иза куьйгалхочун шен ойланца ду, шена ма хетта дийр ду-кх цо, прокуратуре гIуллакх дIаделлахь,талла дезаш ду, материал гулъян езаш ю. ТаIзар догIу, ца дар иза Кадыровн шен лаамехь ду».

Изза хаттар кхин цхьана дикка вевзачу журналисте а делира Маршо Радионо. Оьрсийчоьнан низамашца пачхьалкхан куьйгалхо вен дагахь кIело яр, дуьйцур а даца вай, ур-атталла кечамбар а ду таIзаре догIу зулам, элира Мурадов Мусас.

Мурадов: «КIело йина, куьйгалхо вен ойланца кечам бечу нахана, догIу дера таIзар! Муьлхачу барамехь догIу ала хуур дац, таллам ца бича. Вен Iалашонца кIело йинехь, вийнехь, зен-зулам динехь а догIуш ду таIзар, хуьлийла иза пачхьалкхан куьйгалхо я белхахо, гучудаьлча таIзар ду догIуш низамашца».

Мелла а, мухха а делахь а, бахьанаш доцуш хуьлийла дац хIинцца тIемаш бирзинчу Нохчийчоьнна тIехь Кремло латточу куьйгалхочунна кIелонаш яр. Хууш ду, и тайпа хаамаш баржор а хьаькамна пиар кхиош герз гIирс буйла.

Ткъа иштанаш нислуш делахь, уьш луьстуш а лела деза низам, нагахь санна хьаькам низамечу махкахь, низаме заманахь вехаш велахь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG