ТIекхочийла долу линкаш

Украинин эскарехь гIуллакх дийр ду кхечу мехкашкара наха


Украинин президенто Порошенко Петрос Шинарин дийнахь, тIе куьг а таIийна, болх бан доладалийтина Лаккхарчу Радо тIеэцна долу кхечу пачхьалкхашкарчу нахана Украинин армехь гIуллакх дан бакъо луш долу низам.

Шен агIор Лаккхарчо Радо керла низам кечдина Украинин ТIеман ницкъашкахь гIуллакх дан луучу нахана шайн махкалла далар аттачу доккхуш. Цу низамийн Iалашо ю Украини эскар мостагIчунна дуьхьал латта ницкъ болуш хилийтар.

XS
SM
MD
LG