ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн кема доьхна, чохь бомба а иккхина


Stratfor олучу талламан а, аналитикан а компанино дIахьедар дина, Мисарахь Оьрсийчоьнан лайнер чударан мелла а хила мегаш долу бахьана цу тIехь бомба эккхар ду аьлла. Цу компанино кечдинчу рапортаца а догIуш, дукхах болу авиацица боьзна болу бохамаш хуьлу кема гIоттуш а, иза охьахууш а. Оьрсийчура кеманна тIехь эккхар хилар гойтуш ю, Iамеркин сателлитана иза духуш цунна тIехула гина йолу цIе.

Цунах лаьцна хаам бина NBC News телеканало, Iамеркин тIеман министраллерчу хьостана тIе а тевжаш. Оццу хенахь спутникана цагина ракета хецна хиларна тоьшалла деш йолу йовхонан лар.

Цу кепара гуш ду А321 лаьттара ракета а хецна дохийна бохург бух боцуш хилар. Амма шайн спутникана гинарг кхин а талла дезаш ду аьлла хета Iамеркин тIеман министраллан кхечу векална.

Мисарара Шарм-аш-Шейх олучу курортийн гIалара Петарбухе доьдуш хилла кема духуш цу тIех хилла 224 стаг. Уьш берш белла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG