ТIекхочийла долу линкаш

Украине а, Шема а тIеман ницкъаш хьийсочу Кремло шоръеш ю шен тIеман экспанси. Оцу хьелашкахь шоръеш ю пачхьалкхехь президентан Путинан и некъ къобалбойту халкъан акцеш. Ткъа и хьал Оьрсийчоьнна кхераме ду аьлла хета оппозицина

Кххарийдийнахь Путин Владимиран политика къобалъеш гулам хIоттийра Москох “Къам маьршадаккхаран болам” олучу юкъаралло. Нах майданашка кхайкхинчу юкъархойн координатор ву Славин Максим - Кремлехьа болчу бахархойн хьалханчех цхьаъ.

Стенна эшна и гулам рейтинг ишта а вуно лакхара йолчу Путинна? ХIун ю акцин Iалашо, хаьттира цуьнга Маршо Радионо.

Славин: «Тахана Оьрсийчоьнан бахархоша даздеш ду халкъан барт цхьаъ хиларан деза де а, халкъан ополченцаша I6I2-чу шарахь баьккхинчу толаман а. Оцу дийнахь Оьрсийчоьнан пачхьалкхера къепедацарш дIадевлира, Кремлера лехкира кхечу пачхьалкхашкара интервенташ.

Оьрсийчохь дехачу массо а кхъаьмнийн деза де ду хIара, хIара билгалдоккху дукха хан яцахь а, даздечийн могIарш десташ ду, халкъ шен къоман историн бухе кхиа гIерта, цундела кху дийнан мехалла чIогIа ю.

Путин Вдадимир къоман турпалхо ву, шен болчу ницкъаца иза гIерта I99I-чу шарахь йоьжна пачхьалкхан суверенитет юхаметтахIоттон. Таханалерачу дийнахь Оьрсийчоьнан мостагIий арахьара бу: украинхой а, Кавказан мехкашка кхача Iалашо латто «Исламан пачхьалкх» тоба а.

Цхьа йист яккха еза кхолладеллачу хьелан. Тоьар ду, 20-х сов шерашкахь даьхна Оьрсийчоьнан къаьмнаш мостагIийн куьйгакIел, церан лаамашца, тахана дуьненахь кхолладелла хьал, цаьрца лелийначу гергарлон жамI ду».

Кхаарийдийнан гуламан хьалханчанна Славин Максимна а, цуьнан санна ойла йолучарна а хета, Путина шен кху тIаьххьарчу муьрехь дозанал арахьа эскарш а хьийзош, дуьненан гIуллакхашна юкъагIертарца айдо Оьрсийчоьнан сий.

Гуламе нах кхойкхучу юкъанна тидаме бара цара бен кхайкхамаш. “Арахьара тIегIертачу агрессорна букъ кагбе хан еана, Москох Iалашъян, I941-чу шарахь беана хилларг санна, бала тIебеана! Бертахь е дуьхьало!” Иштта дара кхайкхаман аз.

ТIом баьлча санна дахахь а орца Славина а, цуьнан гонаша а, лела кху деношкахь Оьрсийчохь кхин ойла а. Вевзаш волчу политика-оппозиционеро Илларионов Андрейс шен Лайв-Журналерчу блогехь бехк а боккхуш хIиттадо дуккхаъчаьргахь санна, шегахь а гулделла хетташ-бехкбаккхарш.

“Нохчийчохь тIемаш болош пачхьалкхехь динчу терроран тохарех тера хетий шуна хIара керла пьеса? Кавказехь, Малхбалехь Путина хьош болу тIемаш нахана товш бацарна вовшах ма тоьхна Москох гулам!” – иштта яздо Илларионовс.

Оцу юкъанна Кремл шен керла некъ дIакхоьхьуш го кху деношкахь.

“ТIеман гIуллакх дар” олуш ду эскаре нах буьгу низам. Кху муьрехь халкъе дийцаре дан кховдийна оцу низамна юкъадахка лерина керла хьесапаш. Иза тIеэцахь, тIеман министраллан бакъо хир ю контрактехь болчу эскархошна тIеман гIуллакх дан йиллина хан яхъян а, яцъян а, тIемашш барна луш болу мах хьалабаккха а.

Низам эшна сихха шордан Кремлан риторикаца аьлча, “дуьненаюкъарчу исламан террорна латтар Оьрсийчоьно совдаккхарца доьзна”.

Официалехь Оьрсийчоьно ша Шемахь бечу тIеман барам хIокху терахьашца гойту. 50 кема а, беракема а ду цигахь бомбанаш, ракеташ етташ. 1600 контрактхо а хьажийна Шема, Кремло дийцарехь.

Амма хьаьнца бира Донбассехь Кремло шен тIом? Хьанца бо иза цо Шемахь? Оцу шина хаттаро галморзахдоккху Путина а, цуьнан пропагандано а мел дуьйцург.

Донбассехь Украина-пачхьалкх йохо Кремл араяларна дерриг а цивилан дуьнено бехк санкцешца токхуьйтуш бу Оьрсийчоьнан халкъе.

Ткъа Шемахь? Цигахь «Исламан Пачхьалкх» олу тобанаш хIаллакъян яханчуха Шемара диктатор Асад Башар чIагIвеш, цунна дуьхьаллаьтта оппозици ю Кремло кеманашца хIаллакйийриг, бохуш ду хIинца дуьнено доху орца.

Маршо Радион къамел хилира Оьрсийчоьнан журналистца, «Яблоко» партин декъашхочуьнца Пионтковский Андрейца. Москох кхаарийдийнахь Путин Владимиран политика къобалъеш хIоттийначу гуламех шатайпа кхетам бу цуьнан.

Пионтковский: «ХIаъ, Путингахьа марш яра! Гарехь, Путин тIеман конфликт марсаяккха воллу – иза ду уггар кхерамениг. Цундела оьшу цунна халкъера къобалдарш.

Шема авантюра кечъеш цо дуй а бууш элира, эскарш цига ша хьовсор дац. “Исламан Пачхьалкх” олучу тобанаша бекхамбан болабахь, Путина ерриг а Шема а, Малхбале а лоцур ю тIеман Iалашонашка.

50 кеманца боьрзур бац ДАIИШца болийна тIом. Уггаре тамашениг ду, Малхбузено иза магор ду моттар. Хьажор Путина Шема исламхошца лата I0-20 эзар салти. Ткъа Малхбузено ца хьажийча? Оьрсийчоь ша йитича? Путина дерриг дийр ду Малхбале шех язийтархьама. Малхбузене санкцеш юхаэцийта дерриг а дан гIертар ву Путин. Хетарехь, цунна моьтту иштта нислур ду.

Официалехь деношкахь Мисарахь доьхна вайн кема ша иккхина боху, амма иза террорхоша эккхийтина сурт хIотто а гIерта зорбанехь. ХIара деза де а эккхийтина, халкъ президентехьа волу кеп хIоттош…”

Нохчаша олуш ма-хиллара, даим ца догIу КIаце нускал. Цкъа КIацина бетах хIума юхакхеташ а ма хуьлий!

Дикане кхачоррий-те Путина Владимиран президенталло Оьрсийчоь?

И сингаттаме хаттар алссам лела тахана Кремлан политика зуламе лоручу оьрсашлахь, Оьрсийчоьнан кхечу къаьмнашлахь.

XS
SM
MD
LG