ТIекхочийла долу линкаш

Шемара хьал дийцаре дина Москох Лавровс а, Де Мистурас а


Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн оргниазацино юкъарло а лелош хир долчу политикан дийцаршкахь дакъалоцур долу оппозицин тобанаш йовзийта шайна аьлла кхайкхам бина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс. Кхаарин дийнахь иза Москох цхьаьнакхийтира Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн органиазацин цIарах Шемахула векал волчу Де Мистура Стеффанца. Шемарчу оппозицино цхьа тоба кхолла еза Асад Башаран Iедалшца дийцарш дIадахьа бохуш вара Лавров.

Шен агIор Де Мистурас элира, Шеман Iедалан а, оппозицин векалийн цхьаьнакхетар дIадахьа деза мелла а сиха аьлла. Цо дийцарехь, цхьайолу Шемара оппозицин тобанаш реза хилла цу дийцаршкахь дакъалаца. ГIадужу беттан 30-чу дийнахь Венехь цхьаьнакхийтира 17 пачхьалкхера дипломаташ. Цара дехар дира Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацега Шемара хьал дIанисдеш Iедалшна а, оппозицина а юкъарло леладахьара аьлла. Цера барт бича Шемахь тIеоьцур ю керла конституци, бийра бу керла харжамаш.

XS
SM
MD
LG