ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стаг верна бехке хила мега полисхой лецна Буру-гIалахь


Буру-гIалахь лецна полицин талламан урхаллан ши белхахо. Царна бехке дуьллуш ду 39 шо хилла меттигера вахархо Цкаев Владимир йиттина вер. И хаам гучубаьлла Къилбаседа ХIирийчоьнехула йолчу талламан комететан урхаллан сайт тIехь. Хьалхо талламхоша бехк-такхаман гIуллакх схьадиллинера Цкаев валарца доьзна. Цкаев лаьцна хилла полицино ГIадужу-беттан 31 дийнахь, иза полицин белхахочунна герз тоьхнарг хила мега аьлла шеко йолуш.

ШолагIчу дийнахь иза велла Республикан клиникан госпиталехь. Цкаевн гергара нах тешна бу, иза полицин декъехь йиттина вийна хиларх. Меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь дIахьедар динера, Цкаевс ша шена чевнаш йина аьлла. Оршотан дийнахь Буру-гIалахь дуьхьалонан акци хилира полисхоша зуламаш дар бьахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG