ТIекхочийла долу линкаш

Фейсбукан кхиам


ХIора дийнахь йолу Фейсбукан аудитори ю цхьа миллиард сов стаг. Цу тайпа кхиам баьккхина цу социалан машано Гезгмашин-баттахь. Цуьнах лаьцна дуьйцуш ду Фейсбукан кварталан финансин рапортана тIехь. Стохка оццу хенахь Фейсбуках хIора денна пайда оьцучу нехан терахь дара 17 процент къезга.

Тахана цу миллиард стагах дукхах болучара Фейсбукана чубовлу мобилан дивайсех пайда а оьцуш. Цул сов, Фейсбуко дийцарехь, хIора денна 8 миллиард видеога хьожу цу социалан машанах пайда оьцуш болу нах. Таханлерчу денна Фейсбукан цхьана акцин мах бу 100 сов доллар.

XS
SM
MD
LG