ТIекхочийла долу линкаш

ГIо дийр ду Оьрсийчоьнан арахьарчу зорбанан гIирсашна


Оьрсийн маттахь болчу махкал арахьарчу зорбанан гIирсашна гIо дийр ду шаьш аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Цу гIуллакхо Оьрсийчоьно баьхначу кхиамех лаьцна «бакъйолу» информаци йовзийтарна гIо дийр ду аьлла хета цунна. И шен дIахьедарш дина Путин Владимира махкал арахьа бехачу шайн махкахойн конгрессехь.

Оьрсийчоь дагахь ю шайн университеташна гIортор ян, цаьрна гIо дан кхечу пачхьалкхашкахь филиалаш схьайоьллуш. Цул сов, Путин дагахь ву кхечу пачхьалкхашкахь бехачу Оьрсийчура кегийрхошна аьттонаш бан цаьрга цIеран университеташкахь дешийта.

Шина денна лерина и конгресс вовшахтоьхначу наха дийцарехь, цу форумехь дакъалоцуш ву 400 гергга оьрсийн диаспоран векал. Оьрсийчоьнан президентан сайто бечу хаамца, кху дуьнентIехь 30 миллион оьрсийн кхъомах волу стаг ву 97 пачхьалкхехь вехаш.

XS
SM
MD
LG