ТIекхочийла долу линкаш

Алсам гIо оьшу мухIажираш тIеоьцучу пачхьалкхашна


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин мухIажиршкахула йолчу урхалло дийцарехь, 2016-чу шеран Чиллан-бутт тIекхаччалц Туркойн махкара Европе хIора денна вогIур ву пхи эзар мухIажир а, мигрант а.

Цу урхалло дийцарехь, хенахIоттам во хиларна цу наха хьоьга хало кхин а алсам ер ю. Нагахь сихха оьшуш йолу гIулчаш ца яхахь, мухIажирашна а, мигранташна а юкъахь дуккха а баларш хила мега бохуш, дуьйцу Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин мухIажиршкахула йолу урхалло. Цуьнца доьзна Хорватина а, Грецина а, Сербина а, Македонина а гIо дан кхин а 96 миллион доллар дала деза боху урхалло.

МухIажирийн кризисах хьалхадовларна хьажийна йолу Цнаькхеттачу Къаьмнийн Организацин ерриг а проекташ кхочун ян оьшуш ду 172 миллион 700 эзар доллар. France-Presse агенталло бинчу хаамца, Еврокомиссин экономикан гIуллакхашкахула волчу векло Московиси Пьера дIахьедар дина Брюсселехь, Европе мигранташ бахкаро дикачу агIор Iаткъам бийр бу Евробертан экономикана аьлла.

XS
SM
MD
LG