ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIулгаш диттина зуда йийна ОфхIанистанехь


Иттаннаш бахархой, коьртачу декъана зударий, арабевллера Кабулехь дуьхьалонан акце, Шинарийн дийнахь тIулгаш а диттина зуда юьш яьккхина видео гучуяьллачул тIаьхьа. Иза шен майрачунна ямарт хилла бохуш дуьйцуш ду видеон авторо. ОфхIанистанан Iедалан векалш и зулам дарна бехке бина Талибан олучу боламан декъашхой.

Манифестаце арабеллачу наха кхайкхамаш бора Талибанна а, ОвхIанистанан Iедалшна а дуьхьал хьажийна болу. Цхьаболчу зударша шайн бедаршна тIедиттинера цIен басар.

Зуда юьш яьккхина видео интернете дIахIоттийнера хIара кIира долалуш Маршо Радион корреспонденто. И зулам динчу провинцин губернаторо дийцарехь, йоI юьш дакъалоцуш хилла меттигера тIемалойн командираш а, Талибан боламан диндай а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG