ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сингапурехь цхьаьнакхетта Китайн а, Тайванан а куьйгалхой


Сингапурехь Шоьтан дийнахь цхьаьнакхетта Китайн а, Тайванан а куьйгалхой Си Цзиньпин а, Ма Инцзю а. Цу тайпаниг хилла дацара 1949-чу шарахь дуьйна. Дийцарш дIадоладалале Ма Инцзючс дIахьедар дира, ша тешна ву цу тайпа цхьаьнакхетарш сих-сиха хирг хиларх аьлла. Цара гIо дийр ду цу регионехь машар чIагIбарна элира Тайванан президенто.

Хьалхо Тайванан коьртачу гIалахь Тайпейхь цу цхьаьнакхетарна дуьхьал болчу демонстрантийн тасадаларш хилира полицица. Китайн а, Тайванан а юкъаметтигаш юкъахйехира 1949-чу шарахь Китайхь махкахошна юкъахь тIом хилча, коммунисташна эшна болу Чан Кайши коьртехь волу Китайн халкъан партин ницкъаш цу гIайрене бевддачул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG