ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берлинера цхьаьнакхетаран жамIаш


Украинин а, Оьрсийчоьнан а, Германин а, Францин а арахьарчу гIуллакхийн министрш реза хилла гергарчу хенахь малхбалерчу Украинехь конфликт йоьдучу меттера деза герзаш юхадаха гIорта. Цунах лаьцна хаам бина Германин арахьарчу гIуллакхийн министро Штайнмайер Франк-Вальтера.

Цо дийцарехь, цу регионехь лахделла адамашна тIехь ницкъ бар, дIадирзина ала мегар ду дайн герзаш цигара дIадахар. Штайнмайер бинчу хаамца, хIара бутт чекхбалале конфликт лаьттина меттиг дIацIанъян езаш ю минех. Цо билгалдаьккхира Украино а, Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа а политикан хаттаршна тIехь болх бан безаш хилар.

Царах коьртаниг ду цу регионехь харжамаш дIабахьар. Цул сов, шина агIоно барт бан беза хьан тергам бийр бу цу харжамашна бохучу хаттарехь. Украинин арахьарчу гIуллакхийн министрна Климкин Павелна хетарехь, дика хир дара харжамаш вовшахтохар а, уьш дIабахьар а цигахь йолчу ОБСЕ-н миссино шена тIелаьцча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG