ТIекхочийла долу линкаш

Мисарара дIабуьугуш бу Оьрсийчура туристаш


Мисарара Шарм-аш-Шейх курортера дIабуьугуш бу Оьрсийчура туристаш. Отелаш чура арабовлуш царна шайца схьаэца бакъоелла кара оьцу тоьрмигаш. Чамданаш а, кхин йолу багаж а цIайохьур ю шаьш тIахьо аьлла дIахьедар дина Iедалша.

Оьрсийчоьнан Орцаллин министралло бинчу хаамца, леррина кеманаш дахийта дагахь бу уьшш Мисара неха хIуманаш цIа ян.

Оьрсийчура туристаш цIаберзош бу Шарм-аш-Шейхера Петарбухе доьдуш долу кема чудар бахьана долуш. Цу тIехь волу верриг а 224 стаг велла. Кема чударан бахьана хууш дац.

Мисара кеманаш лелар юкъахдаккха аьлла омра дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Оьрсийчура туризман индустрин векалша дицарехь, Мисарахь садаIа баха дагахь хилла нах реза хилла, цига боьлхучу метта Туркойн махка баха.

XS
SM
MD
LG