ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн матто нохчийн мотт хьаьшна дIабоккхуш лаьтта, олий хуьлу дукха хьолехь лингвисташа, я ненан маттах дог лозучу наха бен леткъамаш. Доллучунна тIе кхин цхьа кхерам а кхетта тIаьххьарчу шерашкахь – Европерчу нохчаша меттигерчу меттанийн дешнаш юкъаийзадо шаьш вовшашлахь шайн мотт буьйцуш.

Тахана Нохчийчоьнан арахьа деха нохчийн ах къам, царалахь алссам бу Европехь бехарш. Цхьаболучара шаьш цхьа хан-зама яьлча Нохчийчу юхабоьрзур бу олу, вукхара цхьа жоп доцуш дуьту иза.

Ткъа мотт? Дайн Iадаташ, ламасташ? Европерчу нохчочунна тIехь дац шен орам мичара бу хаар?

Генара хьал ца зийча а, тоаме ду Нохчийчохь гург. Миччахь а ахь ладогIахь, хеза мотт бу берриг я оьрсийниг, я шина меттан дешнех кхарзабелла жагIар.

Мила ву маттах и лазар кхетийтарна бехке? Мила ву лазар иэшо хьакъ?

... Жоьпаш доцу хеттарш дуккха а хIуьтту хьалха.

Маршо Радионо йийцарейира тахана юкъараллехь ира лаьтта нохчийн меттан проблемаш нохчийн яздархочуьнца Бексултанов Мусаца.

Бексултанов: «Вай тезетахь, кадамехь, ах-ах гIазкхийн-нохчийн мотт иэбина буьйцу, и нохчийн мотт бац. Вайн базарахь зударша а буьйцу гIазкхийн мотт. Цхьажимма а тхо къам ду-кх, со къоман векал ву-кх, ас хIара лелийча,тIаьхьа тIебогIучара хIун лелор-те, хIаллакхир ду-кх тхо, аьлла, стага ойла ян еза, щен мотт Iалашбан доьналла хила деза, хьекъал хила деза. Ледара ду-кх вай Iаламат чIогIа!

Яздархо Бексултанов Муса

Яздархо Бексултанов Муса

Къонахий дац-кх вай, доьналла дац-кх вайгахь, дешан доьналла а дац, йозанан доьналла а дац вайгахь»

Яздархочо хьесапдарца, кхечу махка Iен-ваха дIавоьдучу стеган уггар доккха гIалат ду цо шеца шен ненан мотт дIацабахьар.

Ткъа шен маттаца боцчу наха, боху Мусас, тIеоьцу хийрачу къаьмнийн хатI, ламасташ, кхетам.

Бексултанов: «Хьо мичча а Европе водахь а, Iамерке водахь а, хьо хьайн маттаца дIавоьдий, хIаллакхир вац хьо, хьо хьайн маттаца ца воьдий, тIаккха ву хьо хIаллакхуьлуш. Хьо маттаца дIавахнчахь даймохк кхуллу ахь.​

Матто санна, халкъ меттахь латтош хIума дуьненчохь дан а дац. Шен мотт бицбарца леш ду кхъам, маттаца дIадолу «нана» бохург, «зуда» бохург, «къонах» бохург, вайн къоман гIиллакх ду вайн маттаца».

Нохчийн маттах доглозучара мел орцанаш дахарх а, хьал хийцалур ду ала гена ду.

Де дийне мел долу а шина а агIор тIеIаткъам хуьлу нохчийн маттана: Нохчийчохь – наха шайн меттан дешнийн меттиг оьрсийн маттана дIабаларца, ткъа Малхбалехь - цигарчу къаьмнийн меттанийн дешнаш шайна шаьш буьйцу моьттучу нохчийн маттаца иэдарца.

Шийла ду хьал. Баккъал а леш бу нохчийн нанойн мотт, нохчийн дайн мотт. Леш ду нохчийн къам, мел адам дисахь а лийр ду и къам, нохчийн къам, дуьсур ду адамаш, деккъа дIа – адамаш, къам доцу адамаш. Айтматов Чингиза йийцина манкурташ – хатI доцу адаман хьесапалгаш!

...Ткъа бехкениг лохуш-м ца оьшу седа-жайне хьежа а: оьрсийн Iедало шен пачхьалкхехь маьршша баха ца буьту я нохчийн мотт а я оцу къоман бу баьхна дай а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG