ТIекхочийла долу линкаш

Шо сов хан ю Евроберто Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш яьхна. Эха шарна юккъеяьхна хилла йолу гIудане гIулчаш юх-юха а яхъеш, кху дийне евлла. Ткъа кесталгIа, Малхбузерчу хаамийн гIирсаша чIагIдарехь, уьш кхин цхьана эха шарна а яхъян тарло.

Евроберта юккъе йогIучу пачхьалкхийн куьйгалхой ГIура-баттахь шайн рогIерчу саммитехь гулбелча, цара дийцаре ден долчу хеттарех цхьаъ ду, Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна лаьттачу санкцийн кхолламах дерг.

Нагахь Оьрсийчоьнан куьйгаллехь и санкцеш юхалистаре гIийла сатийсам белахь а, Малхбузерчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, уьш юхалуьстур ю я малйийр ю бохучуьнга даха дог дац.

Немцойн «ХIанделсблатт» цIе йолчу тIеIаткъамечу бизнес-газетано шен Германин урхаллерчу хьостанашна тIе а тевжаш яздинера оршот дийнахь, хетарехь Г1ура-беттан 18-чу дийнахь Брюсселехь шаьш вовшахкхетча, рогIерчу эха шарна Оьрсийчоьнна дуьхьал тIеэцна йолу гIудане гIулчаш яхйийр ю Евроберто, аьлла.

ХIунда аьлча, Маршо Радионо хьалхехьо дийцина ма-хиллара, Евробертан санкцеш юхаяхар – иза Украинера хьал тодархьама Минскехь бина хилла машаран барт боллучу барамехь кхочушбарца доьзна ду.

Иза сацам баханчу Зазадоккху-баттахь дуьйна чIагIбина бара. Ткъа и Минскера барт, хууш ма-хиллара, Оьрсийчоьно кхочушбина бац.

"Санкцеш дIаяха цхьа а бахьана дац. Карарчу хенахь Оьрсийчоьно шен хирг до, ша Минскера барт кхочуш беш ю моттийтархьама, ткъа иза кхочуш ца хиларна бехк Украинина тIебиллархьама", - иштта дахкадо шен артиклехь «Хiанделсблатто» Германин урхаллин цIе ца яьккхинчу декъашхочун дешнаш.

Цуьнца цхьаьна ала догIу, немцойн махкахь цхьа могIа бизнес-гуонийн векалш бу, Оьрсийчоьнна дуьхьал йолу санкцеш юхаяха я гIелйан езара аьлла хеташ. Масала, Малхбален экономикан кхеташо цIе йолчу Оьрсийчохь болх бечу бизнесхойн цхьаьнакхетараллин куьйгалхо Кордес Экхард дукха а хан ю, урхаллин отешкахула и санкцеш юхаяхьара, немцойн бизнесна царех зе долуш хиларна, бохуш лелаш волу.

Цунна хетарехь, Оьрсийчоьнна экономикан санкцешца тIеIаткъам бан гIортар жамI доцуш диснийла гуш ду, цундела шена Германина а, Европина а царех хуьлуш долу зенаш тидаме а эцна, и сацам хийца беза.

Ткъа боккъал а бац-те Евробертан санкцеша Оьрсийчоьнна беш цхьа а тIеIаткъам? Малхбалерчу Европин институтан Iилман белхахо волчу политологна Чапханов Русланна хетарехь, вуно чIогIа тIеIаткъам санкцеша беш а бу, ткъа Оьрсийчоьнан куьйгалло шайна царех хуьлуш долу зенаш пайдабоцуче даха гIертарх, могIарерчу нехан дахарна санкцех хуьлу тIеIаткъам хьулбан хала ду.

Чапханов: „Кхин хIумма а дацахь, дуьненан евзачу фирмийн векалш, шайх экспаташ олуш болу, уьш Москохара и санкцеш бахьана долуш дIабахна, ткъа цундела цу гIалахь гIишлошна а, петаршна а мехаш, мел кIезга а, 15 процентана охьабевлла.

Ткъа иза могIарерчу Москохарчу бахархошна вуно тIеIаткъаме хIума ду. Москохара бахархой – уьш Оьрсийчохь цхьа ша-башха „каста“ санна хиларна, урхаллина а вуно дика дац, и нах резацахила буьйлалахь. Санкцеш юха-м тешна а йохур ю аьлла ца хета суна, мелхо а, чIагIайала мегаш ю.

ХIунда аьлча Кремлераниш шаьш цхьа барт а, машар а бо бохуш моттаргIанаш лелор бен, Минскера барт кхочушбан гIерташ бац“.

Карладаккха догIу, Евроберто Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна йолу санкцеш масех декъе екъалуш ю. Царех цхьаерш, Украинерчу кризисехь Оьрсийчоьнан рол бахьана долуш юккъеяьхнарш, - хIинца кесталгIа кхин ахшаренна яхъян мегаш ерш - тIедогIучу шеран Дечкен-баттахь чекхйолуш ю.

Кхин цхьа санкцийн кочар Оьрсийчоьно ГIирма-ахгIайренна аннекси ярца йоьзна ю, церан хан 2016-чу шеран Товбеца - батте кхаччалц ю, нагахь кхин дIа иза а ях ца яхь.

Иштта тIедогIучу шеран Зазадоккху- батте кхаччалца билгалйаьхна ю цкъачунна ГIирмина аннекси ярна а, Донбасехь тIом баккхарна а Малхбузено декъа лоручу Оьрсийчоьнан, Украинин бахархошна шаьш-шаьшна дуьхьал яьхна йолу санкцеш.

XS
SM
MD
LG