Немцов Борисан доьзалан адвокато Прохоров Вадима тоьшалла дарехь, шо гергга хьалха Оьрсийчуьрчу оппозицин лидер вен Iалашо юьхьаръэцарх шеко йолуш, лаца кхайкхийна талламчаша Соьлж-ГIалахь «Къилбаседане» цIе йолчу батальонехь гIуллакхдина Мухудинов Руслан а, Геремеев Руслан а.
И сацам Талламан комитето бина, Прохоровс бахарехь, дахначу кIиранах. Немцов Борис вийра Москох Кремлна гергга лаьттачу Москворецкан тIайтIехь Чиллан-беттан 27-чу дийнан сарахь. Оьрсийчоьно Украинехь конфликт латторна дуьхьал радиочухула нах гуламе цо кхайкхина сахьт а далале вийра иза.
Пхи нохчо оцу зуламна бехке хила тарлуш лаьцна, левеш ву. Немцов Борис вер Iаьткъина дуьнентIехь демократех дозалла мел дечу нахана.