ТIекхочийла долу линкаш

Мисарара авиалайнер чохь бомба иккхина доьхна


Мисарахь Шарм-эш-Шейх гIалин курорташкахь садаьIна нах Оьрсийчу цIабуьгуш доьду авиалайнер доьхна цу чохь бомба эккхар бахьана долуш, аьлла хета шена, дIахьедина кема дохар толлучу техникех шен цIе ца йовзуьйтинчу цхьамма.

Аэоробус доьхна стигалдаьллачу 23-чу минотехь ГIадужу-беттан 31-чохь. Велла чохь хилла 224 стаг. «Исламан Пачхьалкх» шайх олучу жихIадхойн тобано шена тIеийцира бехк кема доьхнначу дийнахь. Шен цIе ца йийцар дехначу талламчас хаийтина, шена а, шен накъосташна а хетарехь, баккъал а бомба ю кеманчохь иккхинарг.

Амма цкъачунна официалехь таллам бирзина бац. Изза ойла, кеманчохь бомба иккхина хила тарло аьлла дIакъадийна Iамеркан а, Британин а къайлахчу сервисийн векалша.

XS
SM
MD
LG