ТIекхочийла долу линкаш

Хорватин харжамийн жамIаш билгалдевлла


Хорватин консервативан оппозицино толамбаьккхина шайн махкан парламентан харжамашкахь. 2013-чу шарахь Европан Берта юкъаяхначул тIаьхьа цунна дуьххьара ду консерваторш Iедале бахкар. Бакъду, шайн пачхьалкхехь къайлахчу сервисан буьйранча лаьттинчу Карамарско Томиславан оцу партин аьтто ца болу деккъа шен карахь Iедал сацон – 151 депутатан меттигах 59 меттиг бен ца баьккхина консерваторша.

Цуьнан дезар ду кхечу партешца коалици кхуллуш барт карон. Премьер-министран социал-демократийн партино56 меттиг баьккхина. Керла Iедал хоржуш барт леха безар бу толамчийн вовшашлахь, шаьш идеологица гарадовлуш делахь а.

XS
SM
MD
LG