ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Со дIа новкъа ваьлча?


Нохчийчохь, йоккха юкъ ца йоьлуьйтуш, юха-юха а некъаш доьхкуш, бахархошкара цхьана ханна машенаш дIайохуш хьийза Iедалан ницкъаш. Официало даре а деш, миллионашкахь дагарло гIуданаш детташ, Iедалхойн пурбанца, бахархошкара доху ахчанаш. Ткъа некъаш тIехь хьовзамаш хецна лаьтта.

Доккхачу хитIехь, мохо дера бердехьа лоьхкучу тIулгIенийн хьесапех, цхьа хан мосазза йолу юха-юха а, карзахе меттахбуьйлуш, кIоршаме низамаш а талхош, шайн бакъо цахилар чоьте а ца оьцуш, нехан машенаш дIайохуш, даккхий гIуданаш детташ, къардайна хьийзаш бу кху тIаьхьарчу беттанашкахь Нохчийчохь некъан низам лардеш болу а, боцу а ницкъаллин структурийн белхой.

Цара бахархойн машенашна «тIелетарш» деш дIахьучу белхан жигаралла лакхайолу урхаллехь болчара чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин белхан лахара мах хадош дIахьедар дарций. Беш жимма а хьулам а боцуш,доьхка дIатесса ца хилча а, машенан стогарш латийна ца хилча а, тускар доцуш бер машенахь хилча а, кхечу кIадбоцчу бахьаненашна а машен дIайоккхуш а ю, токхамаш бичий бен (лаххаре а 5 эзар сом охьа ца дилча) схьалуш а яц.

Цу кепара бахархошкара ахчанаш схьаийзадар чIогIа тайначух тера а ду низамхошна, бакъду нахана вуно халонга даьлла и гIуллакх. Цу хьокъехь дуьйцуш ву Новр кIоштера вахархо Сайпудди

Сайпудди: «Машен схьаяккхар суна новкъа ца хета, нагахь урхалле дечо некъабакъо талхийнехь: тIех чехка хаьхкинехь, я цIен светофор лета а йолуш цо хаьхкинехь, вехна велаххьа-м муххале а.

Суна а, нахана а дац иза новкъа. Юьрта юккъерчу некъаш тIехула, тIаьхьа а хоьхкуш, машенаш дIаяхар лартIа-м ца хетта суна.

Тхан кIоштехь Рубежни эвлахь банкомат дIа а хIоттийна токхамаш бойтуш бу-кх нахе. ДIа хIума ала йиш а яц. Аьлча харц тIеIаткъам бо. ХIара маццалц дахлур ду-м ца хаьа, гена долуш-м ду хIара.»

Машенаш дIаяхаран хьокъехь, бух болуш а боцуш а гIуданаш деттарх дийцинчу Сайпуддис а билгал ма- даккхара, Iедалехь болчара шайн белхан вон мах хадош цхьа дош хазорций, нехан «коча баха» сихло ницкъаллин структурийн декъашхош.

Бахархоша даре дарца, цкъа хьо мила ву хоуьйтуш, хьайн кехат-тоьшалла гайтахь аьлча а, и бIоста а туьдий, чуьрабовлий хьийза низамхой.

Кху деношкахь юха а полисхоша некъашкахь керла зераш долор ду-кх бохуш ладегIамехь беха нохчий.

Бакълена а дукха вайнахана, нийсо толийта, хьаьнга хIун ала деза а ца хууш, халонга евлла Iедалан белхахоша бух боцуш лело харцонаш.

Цу хьокъехь шайлахь дуьйцуш бу Новр кIоштан цхьана юьртахь пхьоьхана гулбелла юьртахой.

Дерзош аьлча некъан низам лардан декхарийла болчу низамхоша некъаш тIехь, "лечкъа а ца деш», шаьш и низамаш тергамза дуьтуш ду. Делахь а уьш карзахе, хьасартне хьийзар аьлла, некъахьовзамаш цуьрриг лахлуш ца лору бахархоша.

Ма-дарра аьлча церан жигаралла цунна тIехьажийна а ца лору наха. Беккъа кху карабеъначу Лахьана- беттан хьалхарчу кIирнах хилла мехкан некъаш тIехь, дукха баларш а нислуш, лазаме бохамаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG