ТIекхочийла долу линкаш

Бисултанов Апти. Полонез лакхийтийша, полонез...


Казахстан – вальс Достоевскин хIолламана гергга. Семей, заздоккху-беттан 16-гIа де, 2012.

Казахстан – вальс Достоевскин хIолламана гергга. Семей, заздоккху-беттан 16-гIа де, 2012.

Бисултанов Апти

***

Полонез лакхийтийша, полонез,
мацаллин ноти тIера дIайолаяй,
шелонан ноти тIе кхаччалца.

Лаьмнаша шайн кIайн куьйгаш меллаша шовданийн
пиллигаш тIе дохку - болало мукъам.

Полонез лакхийтийша, полонез,
гIайгIанан ноти тIера дIайолаяй,
лазаман ноти тIе кхаччалца.

ХIумма а ма дац когаш ша тIехь хилча а,
куьйгаш пиллигаш тIехь хилчахьана -
илланча Даймахкана иштта ма воьлху даима а.

Полонез лакхийтийша, полонез...

Малхо шен дашо куьйгаш
анайистан пиллигаш тIе дохку -
болало Дуьненан мукъам.

ХIумма а ма дац илланча сагIа доьхуш хилча а,
Дуьне доьлуш хилчахьана -
бIешераш вуьшта лаьттар а ма дацара.

Полонез лакхийтийша...
Илланчин куьйгаш пондаран пиллигаша бен ца дохдо.
ГIорийна когаш Даймехкан лаьтто бен ца бохбо.
Рояль а ма бу дечигех бина -
цуьнан а ма хилла цкъа орамаш.

Полонез лакхийтийша,
Даймехкан ноти тIера дIайолаяй,
къастаран ноти тIе кхаччалца...

(Ешна Радуева Зураъа)

Апти Бисултанов вина 1959 шарахь. Апти -- гоьваьлла нохчийн кхузаманахьлера байтанча ву. 1983 шарахь цо чекхъяккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факултет. Бисултановс арахецна цхьамогIа байтийн гулам. Масала, цуьнан «Ткъесан ӀиндагӀ» гуламана юкъайоьдуш ю шуьйрра евзаш йолу поэма «Хайбахехь язйинарг». 1992 шарахь цунна делира Нохчичоьнан Халкъан совгӀат. Апти Бисултанов 2002-чу шарахь дуьйна Ӏаш ву Берлинехь.

XS
SM
MD
LG