ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн атлетикан спортхоша допингех пайдаоьцу


Дуьненаюкъарчу допингна дуьхьалоечу агентствона гIодеш Интерполо талламаш бийр бу ша аьлла, спортхошлахь лелачу допингца йоьзначу коррупцина дуьхьал. Оршотдийнахь допингнга дуьхьалоечу агентствоно Интерполе дIакхачийна оьрсийн спортхоша допингех пайдаэцарх шайн болу хаамаш.

Цара таллам биначул тIаьхьа, Iорадохур ду жамIаш. Йозушйоцчу агенствон комиссис чIагIдо, Оьрсийчоьнан спортан министралла а, ФСБ а юкъагIерта Москох антидопинган лабораторин балханна, цаьрга шаьш бинчу талламан зераш хIаллакде бохуш. Антидопинган агентствон комиссино доьху Къаьмнийн атлетикан федерацига оьрсийн федераци шена юкъараяккхар а, Оьрсийчуьрчу оцу федерацерчу спортхошна дуьненаюкъарчу муьлхачу а спортан ловзаршкахь дакъалаца некъбехкар а.

Ткъа Кремло бухбоцуш лору антидопинган агентствоно шена бехкбиллар. Путинан пресс-секретара Песков Дмитрийс елла комментарий оцу хьокъехь: «Бехкан цкъачунна цхьана а кепара тоьшаллаш дац, цундела оха бухбоцуш лору церан дIахьедар». Тхан программехь тахана алсам дуьйцур ду охьа кхунах лаьцна.

XS
SM
MD
LG