ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Караулова Варварин дов листа долийна


Шинарийдийнахь Москох Лефортовн кхелехь луьстуш дара Москохарчу пачхьалкхан университетан дешархочун Караулова Варварин дов. Шема дехьа а яьлла, «Исламан пачхьалкх» тобанан могIаршкахь дакъалаца лерина яра ша, аьлла, берриг бехк шена тIе а эцна цо.

Иштта, адвокатийн гIо оьшуш а яц ша, аьлла, шен шина бакъоларъярхочух а къаьстина йоI. Делахь а, адвокаташ шек бу, ханна лаьцна латточохь йоIна тIеIаткъам бина хиларх, иза шен лаамца ца лела аьлла хета царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG