ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьрчу Iедалан хаамийн гIирсаша юкъараллехь юкъ-кара гIардоккху мехкан куьйгалхочунна кIело а йина, иза вен гIерта нах гучубаьхна олий. Цунах гIеххьачул шоу а йо. И тайпа рогIера зулам Iорадаьккхина, куьгбехкенаш, къинхетам а бина, маьршабаьхна, аьлла дIакхайкхийна хIинца а.

Цхьана ницкъаллин структуро а,Iедалан хьукхмат урхалло а,я хаамийн гIирсаша а Iорадоккхуш дац байначу беттан 28-чу дийнан буьйсанна чу а лилхина, Устрад гIаларчу МуслиевгIеран доьзалера тIеман барзакъ дуьйхинчу наха ши ваша лаьцна дIавигар.

ХIетахь дуьйна ши кIира гергга хан яьллехь а шайн шина кIантах ИсмаIалх, Исхьакъах а хилларг хууш бац церан цIераниш. Цара гIо-накъосталла дехначул тIаьхьа кегийрхой доьза бар хааме даьккхина «Мемориал» центран бакъонашларьярхоша.

Лаьцна дIавигна пхи де даьлча, кху карахьболчу Лахьанан-беттан 2—чу дийнахь, кхечаьрца цхьаьна и ши ваша гайтина телевизионехь, мехкан куьйгалхочунна талор дан лийринчу тобанна юкъахь хилчаха.

Массара а тамаше а хеташ,цакхетарца тIеоьцург ду, эзарниш бахархошна ган а гуш, дуьйцург хаза а хезаш, шена вон дан, бале бовла арабевллачу кегийрхошна къинтIера а ваьлла, Кадыров Рамзана гечдина хиллар.

Бакъду, гечдинехь а, и къинхетам бина кIира сов зама яьллехь а, бакъоларьярхоша билгалдаккхарца, ши ваша цIийнах кхетта вац хIинца а.

«Телевизионехь гайтинчу сюжетан юьххьехь Кадыровс ша массарна гечдо, уьш массо цIа а гIур ву элира. Цу чохь мел гайтина кIант шайн-шайн цIа вирзина, цхьа ИсмаIал а, Исхьакъ а воцург… Нагахь санна, лецнарш мукъабаьхнарг мехкан куьйгалхо хилар хьесапе эцча, цуьнан аьллар –луур кхочуш ца до аьлла а хетало.

ТIаккха цунна а ца хууш,мичахь ву а ца хоуьйтуш, чохь валлош нисло МуслиевгIеран ши кIант».

Цу кепара Iорадаьккхина цунах шайна хетарг «Мемориал» центран говзанчаша. Бакъонашларьярхоша а, гергарчара а дийцарца, зударий а балийна,шайн доьзалш а болуш, наха диканний бен хьаха а ца веш, ваьхна хIинццалц Устрад-ГIалара Муслиев ИсмаIал а, Исхьакъ а.

Уьш бевзачара даре дарца, Далла Iамал чIогIа еш, суьпа ши стаг а хилла и ший а. Лаьцна дIавигна ши кIира дуза герга дахнехь а, кхиберш мукъа а баьхна, ши ваша хьуламехь латтор дазделла гергарчарна хьовх, юьртахошна а. Цара сатуьйсу ши кIант мукъаваккхаре.

Карладаккхархьама аьлча, официала кхайкха а деш, мехкан куьйгалхочунна дуьххьала тIебазлуш бац кху шарахь Iожаллин кхерам. Кху шеран юьххьехь, Соьлжа-ГIалин Октябар кIоштехь, мехкан куьйгалхо вогIу волчу метте бомба юллуш ларамаз эккхийтар а нисделла веллера Теркйист кIоштера кхо жима стаг а.

Ала дашна, цаьрца хьасане а, чукаре а юкъаметтигаш лелийна масех кегийрхой, цIерачарна мичахь бу а хууш, тIекхача таро а йоцуш набахти чохь бу.

XS
SM
MD
LG