ТIекхочийла долу линкаш

Дуьненаюкъарчу допингана дуьхьало яран агенталлин комиссино оршот дийнахь Женевехь йовзийтира шайн талламан жамIехь йолу рапорт. Яйчу атлетикехь спортхоша допинг лелорна леринчу цу рапорто гойту, Оьрсийчоьнан Iедалша къайла а кхоьхьуш, цу махкарчу спортхоша шерашкахь допинг лелош хилар

Оьрсийчоьнан Iедалша систематикалла хьесапехь гIо до шайн спортхошна, допинг лелон а, ткъа цул тIаьхьа церан анализашна манипуляцеш ян а – иштта ду Дуьненаюкъарчу допинган дуьхьало яран агенталлин комиссино оршот дийнахь Женевехь йовзийтинчу шайн талламех йолчу рапортан коьрта жамIа.

Цундела, Оьрсийчоьнан антидопинг центрера аккредитаци схьаяккха еза, цунах тешам байна хиларна, тешна бу цу комитетан куьгалхой.

Цул совнаха, Дуьненаюкъарчу антидопинган агенталло кхоьллина йолчу комиссина хетарехь, Оьрсийчоьнан йайчу атлетикан федерацина дисквалификаци ян еза, цуо спортхоша допинг лелош хилар къайлакхьерна.

Рапортехь иттанаш агIонашна тIехь деталашкахь дуьйцуш ду, Оьрсийчоьнан антидопинган агенталло, шех РУСАДА олуш йолчу, шерашкахь спортхойн анализашца лелийначу бозбуанчаллех а, оьрсийн йайчу атлетикерчу спортхойн тренерша уьш шаьш дуьненаюкъарчу къийсадаларшна кечбечу хенахь низамашца дихкина долчу молхнашца а, спортхойн гIора лакхадоккхучу гIирсашца а лелийначу жоьлгаллех а лаьцна.

Дуьненаюкъарчу антидопинган комиссин хIинцалера рапорт тIаьхьарчу шерашкахь допингаца йоьзначу скандалашкахь уггаре а IалагIоже нисделла. Къаьстина йайчу атлетикехь цу комиссино кIирбелла талламаш баран бахьана хилира даханчу шеран Iай а, кху шеран аьхка а немцойн АРД телеканалехь араяьлла хилла йолу документала филмаш.

Церан авторо, вевзаш волчу немцойн журналиста Зеппелт ХIайос оьрсийн спортхоша допинг лелорах лаьцна вуно дукха тоьшаллаш гулдинера, ткъа Оьрсийчоьнан спортан лакхара хьукматхошна и хьал шал шера девзаш хилла а ца Iаш, цара, цул совнаха, дийна цхьа низамца йоцу молхнаший, гIора лакхадоккху гIирсаший лелоран система кхоьллина хиларх а тешнера иза ша филмана материал гулйечу хенахь.

Амма иза хилла ца Iа. Зеппелто шен журналистан талламехь гучудаьккхира, Дуьненаюкъарчу йайчу атлетикан федерацина оьрсийн спортхоша а, спортан хьукматхоша а лелош дерг хиина ца Iаш, цара Оьрсийчуьра кхаьънаш а ийдеш, цу къепедацаршна бIаьргаш дIакъовлуш хилар.

Филм араяьллачул тIаьхьа Францерчу Iедалша Дуьненаюкъарчу йайчу атлетикан федерацин куьйгалхо хиллачу Диак Ламинана дуьхьал бехкталламан гIуллакх схьадиллира, иза Оьрсийчоьнан йайчу атлетикан федерацин куьйгаллера, цуо оьрсийн спортхойн допинг-тестан позитиве жамIаш къайладахьарна кхаъ эцарна шеконе а лаьцна.

ХIетахь, и филм эфире яьллачул тIаьхьа, Оьрсийчоьнан спортан хьукматхоша шайна дуьхьал теттина бехкаш тIе ца ийцира, ткъа спортан министр волчу Мутко Виталийс наха ца деш дерг оьрсийн спортхоша а ца дина элира, „массара а тIеэцначу ловзаран бакъонашца левзина тхо а“, олуш.

Ша а дуккха а дахаран шераш спортана дIаделлачу, Советийн заманахь Соьлжа-гIаларчу Терк футболан тобанан ловзархочуо санна, Сатуев Адама дуьйцу, хIинцалера допинган скандал вайн заманахь спортаца гергарло долчу нахаца цеце яц, бохуш.

ХIунда аьлча, адамийн хьуьнарш къовсаре дIа а яьлла, муьлха мах белла лакхара жамIаш гайтаре а, ахча даккхаре а йирзинчу вайнзаманахьлерачу спортера дIадевлла мацах спортхой яхье бохуш хилла долу хIумнаш, ткъа дуьненан спорт, йай атлетика иза елахь а, я муьлха кхинйерг, бизнесан, даккхий дуьненан рицкъанийн арена хилла дIахIоьттина.

Сатуев: „И хIума муьлха а спортан кеп схьаэцча, цигахь вайна гуш ду. Амма цхьаъ ду, нагахь санна спортхоша допинг лелор пачхьалкхан Iедалша къобал а деш, царна хууш лелош хилар, кхин дерг ду къайлаха спортхочуо, эр вай, шен ницкъах шекхиларна, иза дар. Со теша, Оьрсийчоьнан куьйгаллина хууш иза лелийна аьлча. Амма со цец ца волу, хIунда аьлча хьалха заманахь, вайна дагадогIуш, спорт адамийн хьуьнарий а, патриоталлин а бух тIехь лаьтташ яра, хIинца иза ахчанан бух тIехь лаьтташ ю, ткъа даккхий ахчанаш лелачехь коррупци а хуьлу“.

Цу юкъана, оршот дийнахь шайн талламийн жамIаш юкъараллийна довзийтиначу Дуьненаюкъарчу антидопинган агенталлин комиссин куьйгалхочуо Паунд Ричарда дIахьедар дина, шена хIоттаделлачу хьолеш гуш цхьа некъ бен бац – Оьрсийчоьнан допинган дуьхьало яран комитетера болх бан бакъо дIаяккхарий, цигарчу йайчу атлетикан комитетан дисквалификаци ярий бен, аьлла.

Цо билгалдаьккхира, ша тешна ву, Оьрсийчохь лерина цхьа пачхьалкхан система ю кхоьллина, допинг лелор а, иза лелочу спортхойн анализашца бозбуанчалла дар а къайлахьош, аьлла. Масала, 20I4-чу а, 20I5-чу а шерашкахь Iедалан гIоь нца Москохарчу антидопинган центро I500 герга спортхойн анализаш хIаллакйира, церан позитиве жамIаш гучуцадалийтархьама.

Ткъа уьш хIаллакйе аьлла омра динарг, Паунд Ричардана хетарехь, Оьрсийчоьнан спортан министр Мутко Виталий хилла.

Шен рогIехь, Оьрсийчоьнан спортан министралло оршот дийнахь шен сайта тIехь официала дIахьедар зорбане даьккхина, Дуьненаюкъарчу антидопинган агенталлин бакъо яц, дуьненаюкъарчу спортан цхьаьнакхетараллийн белхан мах хадон а, церан болх баран я ца баран бакъонаш ехка а, аьлла.

ХIетте а, материал эфире кечйечу муьрехь гучудаьлла ма-хиллара, Москохарчу допинган дуьхьало яран центро шен болх цкъачунна сацийна.

XS
SM
MD
LG