ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сребреницера эккхийна Сербин премьер-министр


Кхаарийдийнахь Босне-ХIерцоговине, цигарчу Сребреницехь шен махкахоша бусулба нах байина 20 шо кхачар билгалдоккхуче ваханчу Сербин премьер-министран Вучич Александран вада дийзира, оцу тезетан барамера – гулбеллачу наха тIулгаш диттира цунна.

Инцидент эккхале Вучич кхиина 1995-чу шарахь баьлла бохам дагалоцуш хIоттийначу хIолламна хьалха Боснерчу бусулбанийн лидерца Изетбегович Бакирца а, Сребреницин мэрца Дуракович Камилца а цхьаьна зезагаш дахка. 1992-95-чу шерашкахь Цхьаьанакхеттачу Къаьмнийн организацино Боснин бахархошна тIамах бовда меттигаш латтийра Сребреницехь.

Амма 1995-чу шеран аьхка и гIала дIалаьцначу сербаша вийра цигахь 8000 герга борша стаг, воккха-жима а ца лоьруш. ХIетахьлерчу геноцидо боснийхошний, сербашний юкъайоьллина гамо ю дIаяланза хIинца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG