ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Вымпелкоман" провайдер хилла Лундер лаьцна


Цхьа хан хьалха йохийначу Оьрсийчуьрчу телекоммуникацийн «Вымпелком» компанин провайдер Iийна Лундер Джо, шен бехк толлучу юкъанна ца лоцуш, маьрша вита веза аьлла лахарчу кхело бина сацам тIечIагIбина Норвегин аппеляцин кхело. Дов листина даллалц иза паргIат вита догIу аьлла бу ший а сацам.

Кеманца Лондонера Осло кхаччарх лецира иза дахначу кIиранах, «Вымпелкомо» Узбекистанехь коррупци яржош хилла аьлла, бехк тIе а хьош. Цхьана муьрехь оцу компанин инарла директор лаьттина Лундер Джо. Узбекистанан президентан йоьIаца Керимова Гульнарица цхьаьна ахчанашца буозбунчаллаш лелорна бехкейо «Вымпелком» компани а, хIетахь цуьнан куьйгаллехь хиллачех цхьбаболу бизнесхой а массех пачхьалкхерчу низамхоша.

Оцу бахьанийца жоьпе ийзаво Лундер, элира Марошо Радионе цуьнан адвокато Шёец Катона.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG