ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн атлеташна дуьхьалъялла антидопинган агенталла


Сочи-ГIалахь Олимпиадехь допинг толлуш йолу центр

Сочи-ГIалахь Олимпиадехь допинг толлуш йолу центр

Дуьххьара, Оьрсийчоьнан спортсменаш-атлеташ допинг лелош хиларна шек боьвлера, Москохахь, церан цIий толлучу лабораторехь, мел йолу анализ, дуьненаюккъерачу спортан низамаш а дохош, хIаллак йиначулла тIехь.

Оьрсийчоьнан Iедалша, доьхьара дIахьедар дина, ВАДА олучу оцу антидопинган цхьанатохаралло дехар а дина и жамIаш хIаллакдина шаьш аьлла.

Хьалха Совета заманахь, спорт а, Iедалан идеологи а цхьанаийна йогIуш яра. Оцу тIегIанехь баьккхина толам, вонуо мехалла лорура. Тахана а, дуьненаюккъерачу спортан къийсадаларшкахь хаьлхарчу меттигаш яьхначарна луш долу совгIаташ Оьрсийчохь, уггаре а лакхара ду.

Оцу хIумано гойту, мел мехалла а тергонехь ду и хIума. Нохчашна юккъера водуш Совета заманахь спортан мастер ваьлла ву Ахмадов Адам. Маршо радионо дийхира, оцу иккхинчу скандалах шена хетарг ала аьлла. Йоккхачу спортехь, баккхий кхиамаш баха хала ду, цхьана агIора дегIана гIора хуьлуьйтуш ца хилча, элира цо.

Ахмадов: «Даккхий жамIаш далийта, и хIуманаш ца лелош хуьлуш дац. Молх молуш ца хичла, дуьненан рекордаш хуьлуш яц аьлла хета суна. Ас санна дукха къьахегна стаг хира вац. Дийнахь кхузза Iаморш дечу хенахь, ас доьазза дора. Ахь, жижиг даарх, хьан дIеган гIора метта ца хIутту шина дийнахь.

ТIаккха, шина дийнахь хьан садаIа йиша ма яций. ТIаккха, цхьа маха тоьхча, хьан дегI меттадогIу. Оццула ницкъ болуш хIуманаш ю и анаболикаш. ТIьахьалонна-м во ю уьш. Кхераме ду. Ас-м ца лелийна уьш».

Тахана, билгала, олийла дац спортан хIинца йистаха лаьттачу нахана, лелийна оьрсийн спортсменаш и допинг, я ца лелийна. Амма, Ахмадов Адама, шена тусаделлачуьннна тIе а тоьвжаш дуьйцу, цхьана хенахь и спортехь кхиамаша лакхабахархьама, и допинг къайлахь магош яра аьлла.

Ахьмадов: «Йоккха спортехь кхиамаш баха хала ду. И молх молуш вац спортхо ву аьлча, со ца тешара. Iай, со цхьана къийсадаларшкахь волчу хенахь, со тоьлла волу кIант, юха кхин цкъа а водуш, сол хьалха волу.

Ахь, хIун дийна, аьлла шега хаьттича, ша, итта мах а тоьхна, метан а йиина, олий схьавогIу. И бераш иштта мехий детташ хьалабогIуш, вахьбогIуш леладора. Мехий тухуш, юха цIий чуьра уьш дIадоккхуш молханаш муьйлура. Оьрсийчоьнан цхьанатоьхначу тобано а, Советан пачхьалкхан тобано а, иштта мехий а детташ лела беш, а кхиабора уьш».

Оьрсийоьнан атлеташ, ша верриг къийсадаларшна юккъера ваккха мега бохучуьнна тIе ца тов, хилла волу нохчийн кхин спортхо. Бадалов Руслан-махкахь а, дозаналла арахь а цхьана хенахь гIараваьлла латархо хилла ву.

Билгала къаста а дина, бехке боцурш, юккъера баха оьшуш дац боху цо. Дукхачу спортхоша, шай мел долу дахар дIало цунна, тIаккха, нийса хира дац, и хIума кхоччуш къаста а ца деш уьш дIабаьхча, элира цо.

Бадалов: «Доьххьара хуьлуш дац ьи молхана малар а, маха тохар а. Хьалхара меттигаш яхархьам, и хуьлуш хилла ду. Антиддопинган комитет дIа а къевлина бохуш, и хIума дар, тIехсов луьра хета суна. Схьалийцина берш юккъера дIабаха беза. Ткъа, схьалийцина боцурш, юккъера баха беза бохург, суна нийса ца хета».

Оцу юккъолгIа, антидопинган дуьненаюккъерачу комитета, Оьрсийчоьнан атлетийн федераци бехке йина Iаш яц, спортхоша магийна доцу молханаш лелийна аьлла. Иза йоккха цхьа схема ю. Оцу ша долчуьнна Iуналла деш Оьрсийчоьнан кхерамазаллийн сервис ю, аьлла хета цигахь.

Иза а, шайна буьллуш болу бехкамаш тIе ца лоцу Оьрсийчохь. Деший санна цIена бу боху спортхой. Амма, тахана а, гIарабевлачу спортхой цуьнах лаьцна комментари еха тIекхош бац.

Иштта, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиро кхеташо дIаяхьа лерина ю, пачхьалкхехь мел йолчу спортан федерацийн куьйгалхошца. Цуьнан зорбан-секретара Песков Дмитрийс харц дина, и цхьанакхетар допинган скандалца доьзна ду бохург.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG