ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израило дIалаьцна латта тIехь кхиина сурсаташ билгал хир ду Европехь


Белги -- Еврокомиссин президент Юнкер Жан-Клод Европин байракхаца ловзуш ву
Белги -- Еврокомиссин президент Юнкер Жан-Клод Европин байракхаца ловзуш ву

Еврокомиссино эххар а тIеэцна масех шарахь бийцаре беш хилла сацам - Израило дуьненаюкъара бехкамаш тергал а ца беш, Палестинин лаьттанаш тIехь ехкина каппашкара сурсаташ, леринчу хьаьркашца билгалдохур ду хIинцачул тIаьхьа, эцархошна и сурсаташ низамца йоцучу меттигашкахь кхиийна хилар гайта.

Массийтаза Еврокомисси тIеэца тохалуш, амма тIаьхьарчу мIаьргонашкахь цхьаццайолчу Европерчу пачхьалкхийн векалша тIе ца оьцуйтуш лаьтташ бара Палестинин Израило оккупацин йиначу лаьттанашкахь цу пачхьалкхо кхиийна, доллучу дуьнентIе а экспорт ечу кхачанийн сурсаташна тIе лерина хьаьркаш хIиттор.

Кхаарийдийнахь Еврокомиссино эхар а къобал бина и сацам, Европерчу 16 пачхьалкхенан урхаллаша Евробертан арахьарчу гIуллакхийн лакхарчу коммиссаре Могерини Федерикига боккъал а сацам тIеэцар чекхкадаккха аьлла кехат яздинчул тIаьхьа.

ХIинцачул тIаьхьа Европерчу пачхьалкхийн бахархошна шаьш „Мэйд ин Израэл“, аьлча а, „Израилехь йина ю“ аьлла тIе яздина долу сурсаташ оьцучу хенахь гур ду, уьш билгал а Израилехь кхиийна а, дина а ду, я цу пачхьалкхо дуьненаюкъара сацамаш а, бехкамаш а хьоьшуш, низамца йоцуш Палестинерчу Йордан хин Малхбузехь а.

Голанийн гунашкахь а, Малхбален Ерусалимехь а дина ду, бохург. Нагахь санна, цу сурсаташна тIехь уьш Израило бакъонца йоцуш палестинхойн лаьттанаш тIехь кхиина я дина ду аьлла хьаьрк шайна гахь, европахошна хуур ду, и сурсаташ эцарца шаьш Израило кхин дIа Палестинин лаьттанашна тIехь къепедацарш лелорна белшашгIортайойла.

Кхеташ ма-хиллара, Израило хIинцале а вуно дера емал бина Еврокоммиссин сацам. „Израилера сурсаташ леринчу хьаьркашца билгалдахар харцуо йийцар ду. Иза гаррехь антиизралан политика ю“ , - аьлла дIахьедар дина Израилан премьер-министро Нетаньяху Биньямина. Цуьнан дешнаш дахкадо БиБиСи агенталло.

Хьахон догIу, масех кIира хьалха Нью-Йоркерчу Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллин штаб-квартирина тIехула дуьххьара Палестинхойн байракх айъйина хилар. ХIетахь а яра Израилан куьйгаллин реакци вуно резайоцуш.

Политологна Асхабов Хьамзатна хетарехь, гезгамашин баттахь Нью-Йоркехь Палестинхойн байракх айъар а, хIинца Израило палестинхойн лаьтта тIехь низамца доцуш кхиош долу сурсаташ билгалдахар а Малхбузехь Палестинин а, Израилан а девне хьежар хийцалуш хиларан тоьшалла ду.

Асхабов: „Европерчу урхаллашна кхета доладелла, Палестинера хьал иштта дIа кхин латталур доцийла, цигахь цхьа хийцамаш ца бича бевр боцийла а. Хьалха и Израил кхуллучу хенахь дакъалаьцна а, цул тIаьхьа ахчанца а, таронца а цунна накъосталла а деш, иза Палестинина дуьхьал латтийнарш кхетта хIинца, цунах шайна хетачу агIор гIуллакх ца хуьлийла. Иза цхьа бахьана ду.

ШозлагIа бахьана, хIинцачул 30 шо хьалха Европехь бусулба нах кIеззиг бара, цаьрга кхузарчу политикана цхьанна а кепара тIеIаткъам бан ницкъ бацара. ХIинца, вайна ма-хаара, хьал хийцаделла, бусулба нехан терахь Европехь лакхадаьлла, кхин 30 даьлча кхин а алсамох хир ду иза. Цундела а кхета Евробарт шайн политикехь хийцамаш ца бича йиш йоцийла“.

Цу юкъана, Израилан куьйгалло шайна йинчу критикана жоп луш Еврокомиссино дIахьедар дина кхаари дийнахь, шаьш тIеэцнарг дукха хенахь дуьйна бина хила безаш болу техникан сацам бу, Европерчу низамашца цхьаьнабогIуш а бу иза, аьлла.

XS
SM
MD
LG