ТIекхочийла долу линкаш

Набахтера арахецна Юнус Ариф


Азербайджанан Лакхарчу кхело набахтера арахецна могашалла галъяларца а дузаш бакъоларъярхо Юнус Ариф. Маршо Радион азербайджанхойн сервисо бечу хаамца, еарийдийнахь кхело бинчу сацамо Юнус декхарево Бакохара дIаса ца вала.

Ши бут хьалха экономикан зуламаш дарх болу беза бехкаш тIе а хьерчийна, набахтехь даккха 7 шо кхайкхийра цунна, ткъа 8 шо токхуьйтуш ду цуьнан зудчунга Юнус Лайлаэ.

Азербайджано бакъонаш хьоьшу бакъоларъярхой а тIехь, ЮнусгIар шен политика емалъярна, харцонаш Iораяхарна хьийзабо аьлла дара цхьамогIа дуьненаюкъарчу хьукматаша даржийна дIахьедарш. адамийн бакъонаш Iалашъярехь гоьбевллачу ЮнусгIарна хьалха шерашкахь дуккхаза а делла дуьненаюкъара совгIаташ.

XS
SM
MD
LG