ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Синджар йоккхуш бу Иракъера курдой


Иракъан къилбаседанехьара Синджар гIала, Iамеркан кеманаша гIо а деш, «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанашкара схьаяккха гIерта кху муьрехь курдойн тIемалой. Пешмарган ницкъаша тIелатар долийра еарийн Iуьйранна кхаа агIор.

Иракъерчу гIаланех яккхийчех цхьаъ ю стратегехь мехала лоруш йолу Синджар. Эзарнаш езидаш чуьра бовда декхаре а хуьлуш, дIалецира и гIала жихIадхоша стохка аьхка. Дукха нах лоьцуш хIаллакбина аьлла, оцу муьрехь Iамеркан кеманаша ракеташ йиттира гIаличохь а, гонахарчу лаьмнашкахь а лаьттачу ДАIИШ-ан дакъошна тIе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG