ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Узбекийн диссидент Джураев Мурод


21 шарахь набахтехь валлош хилла вевзаш волу оппозиционер Джураев Мурод набахтера арахецна Узбекистанехь, хаамбина Маршо Радиога Ташкентерчу «Эзгулик» («Дикалла») цIе йолчу адамийн бакъонийн центро.

1991-92 шерашкахь Узбекистанан депутат лаьттинчу, оццу муьрехь Iедал карчо гIерта аьлла лаьцна хиллачу туркменан Джураев Муродан 63 шо ду. Иза аравалар нисделла Iамеркан Штатийн Пачхьалкхан секретар Керри Джон Ташкентехь Узбекистанан президентца Каримов Исламца цхьаьнакхетта иттех де даьллачул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG