ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Курдоша мукъаяьккхина Синджар


Иракъерчу Масул гIаларчу курдойн лидеро Барзанис пIераскана хаамбина, мехкан къилбаседанехьара Синджар гIала, Iамеркан тIеман кеманаша авиатохаршца гIо а деш, шайн ницкъаша схьаяьккхина «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанашкара, аьлла.

И гIала мукъаяккхаро перспектива ло шайн, курдойн коьрта гIала Мосул а паргIатъяккха, боху Барзанис журналисташа яьккхинчу видеотIехь. КхидIа а курдойн милици – Пешмарга – лерина ю шен кхиамаш шорбан, аьлча а, Синджарна гонахара меттигаш жихIадхошкара схьаяха. Цаьргахь юьсучу Ракка гIала боьду некъ а бу курдоша дIалаца юьхьаръэцна.

Шарахь лаьттина жихIадхошкахь Синджар, эзарнаш белла цигахь, иттаннаш эзарнаш мухIажирш бевлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG