ТIекхочийла долу линкаш

Парижехь терроран тохарш шаьш дина боху ДАIИШ-хоша


«Исламан Пачхьалкх» олучу тобанаша шайна тIеэцна Парижехь 128 стаг а вуьйш дина террорран тохар. ДАШИШ-ан сайто бахарехь, шахIидан доьхканашций, маса тоьпашций хиллачу ворхI исламхочо дина и тIелатар.

Оцу сайто бахарехь, Пайхамар карикатурашца сийсазваррний, «Исламан Пачхьалкх» олучу лаьттанаш тIе авиатохарш дарний бина бекхам бу Парижехь хилларг.

Зуламаш лилхинчу муьрехь Францин телеэфирехь къамелдинчу президента Олланд Франсуас а элира, «тIелатарг динарш «Исламан Пачхьалкх» шайх олучу тобанера экстремисташ бу, цара Францина т1ом кхайкхийна». Зулам Францин чуьрчу мостагIаша гIо а деш, арахьара чукхачийна, бохура Олланда.

Полицино бечу хаамца, тIелеттачех велла 8. Цо бахарехь, ворхI стаг иккхина молханаш дуьйлина доьхканашца Парижан цхьацца меттигашкахь, ткъа цхьаъ полисхоша герз тоьхна вийна. Францин гергарчу иэсехь хилла а боцу бохам толлуш ду Iедал. Бохаман хьокъехь бистхилла дуьненан лидерш, пачхьалкхийн шахьаршкахь хIуьтту гуламаш.

XS
SM
MD
LG