ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Допингаш лелорна къера ю Оьрсийчоь


Ша дерриг дийр ду махкара атлетика спортан принципашна герга кхачош, аьлла Оьрсийчоьнан Олимпан кхеташоно допингаш лелорца доьзна яьлла скандал ерзорхьама.

Хьукматан куьйгалхочо Жуков Александра дIахьедина, Оьрсийчоьнан Олимпан кхеташоно антидопинган низаман гура хаош, ша болх бийр бу атлетикан хьукматашца, спортхошца, аьлла.

Массех де ду Оьрсийчоьнан атлетикан федерацино еш терго а йоцуш, дпингаш лелайо дукхахболчу Оьрсийчуьрчу спортхоша ловзаршкахь дакъалоцучу муьрехь, аьлла дуьненаюкъарчу антидопинган комитето даржийна. Оцу бахьанийца луьстуш бу спортан низамхой, юьту Оьрсийчоьнан атлетика дуьненаюкъарчу спорте, я юкъара йоккху бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG