ТIекхочийла долу линкаш

Конституцино къаналлин хан лору шераш хIиттина нах лехьа а беш дIабохуш бу белхашкара Нохчийчохь. И болх дIахьош лараме ца оьцу къеначарна дуьхьал даржашка хIитто къона говзанчаш махкахь бацар а, я къанвелла лоручуьнгахь кхидIа а болх бан ницкъ а лаам а хилар а.

Iедалан балхахь мел болу хенара бахархой тахана махкахь ладегIамехь бехаш бу ,болх боцуш бисарна кхерам тIе а базбелла. Цу кхерамна бухахь бу лоьраш,хьехархой, массо декъан социалан белхой, низамхой - Iедалан балхахь мел волу вахархо.

Урхаллехь болeчара церан хьокъехь кху тIаьхьарчу хенахь кест-кеста дIахьедарш деш лаьтташ ду.

Цу декъехь кху деношкахь тIаьххьара хьахийнарш бу чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин куьйга кIел болу Iедалан белхой.Соьлжа-ГIалахь ницкъаллин структурашца дIаехьначу кхеташонехь Кадыров Рамзана дIахьедина пенси баха хан кхаьччарш мукъа а бохуш,къоначарна некъ балар хьокъехь.

«Пенси баххал баккхий хилларш сий-лерамца садаIа дIахьовса беза, - боху Iедалдас,-кегийрхошна некъ бала беза. Керла система-дIахIоттаман бух тIехь кIоштера низамхой болх лакхарчу тIегIана баккха богIу». Ишта дIахьедар хааме даьккхина мехкан куьйгалхочо.

И дIахьедар, ма-дарра кхеторца, цу делан сохьта юьхьара а лаьцна, махкахь низамхой балхара бохо буьйлалур бу маьхькIамхой аьлла, шеко кхобуш бу цхьа могIа тергамхой а,могIарера нах а.

Стенна аьлча, кхузахь керла дац 55 шаре бевлла зударий а,60 шераш дуьзна божарий а,уьш зеделла,хьуьнаре говзанчаш хилар чоьте а ца оьцуш, балхара дIабахар, хууш хIума а доцуш,мел охIла бацахь къонаниш дIа а хIиттош.

Бакъду дукхахболчу нохчашка кхеталуш дац,шераш юьхьар а лоьцуш, бIеннашкахь нах балхара бохабар. Нохчийчохь дахаре берзош болу и болам нийса ца лоручех ву Шелковск кIоштера вахархо Сайтаев Увайс.

Увайс: «Сан хIусамнана берийн цIийнехь болх беш ю. Цигара суна хууш масийтта зуда дIаяьккхина пенси хан ю аьлла. И цхьаъ дIаяккхар новкъадеъна нахана къаьсттина. ЦIахь цомгуш заьIапан кIант волуш ю иза.Пенси ду цо оьцуш 8 эзар сом. ХIинца и хене муха ер ю-м ца хаьа. Берех чIогIа къахеташ,доглозуш ю бохуш диканна бен юьйцуш яцара и зуда. И саннарг мукъана а стенна йоккху дIа?»

Хенара нах балхара бохабарх соьга дуьйцуш волу Шелковск кIоштера вахархо сайтаев Увайса харц некъ лору зеделла,бераш кхеташ-кхиорехь бахчабелла хьехархой мукъабахар а.

Увайс: « Сан шича ю 35 шарахь ишколехь юьхьанцарчу классашкахь болх бина. 57 шо кхаьчна аьлла иза а дIаяьккхина балхара. Цуьнан метта цхьа бертIорз схьаэцна. Цу хIун Iамор ду цу бераш юкъахь къаьсташ а йоцчу,практика а йоцуш? Дукхах долчу берийн психологи лартIахь мак яц.

Царна зеделла хьехархо ма веза. И дIаяьккхичхьана суна а хууш, масех бер дай-наноша кхечу классашка даьхна,цхьа бер кхечу ишколе дехьа даьккхина. Полисхой дIабахар цхьана агIор кхетало.

Стенна аьлча, цигахь омар кхочуш дан «чIарх» аьлла кегийрхой беза. Ткъа хьехархой стенна боху дIа? Болх-некъ боцурш лахбан гIерта а хаац.Со а,нах а кхеташ-м бац кху балхах.. Кега-м чIогIа дина хIара».

Хьехархо велахь а,лор велахь а,балхаца ларалой,ца ларалой бохург хьесапе а ца оьцуш, стаг воккха хилла олий,болх оцуш витар цIармата лоручех ю Гуьмсан кIоштера Марха.

Марха: « Къанбелла бохуш дIабохуш бу балхара. И къанвалар ахь мах а белла эцна деъча санна хIума ду лелош дерг. ХIинцца кху заманахь бен гина дац суна и хIума.

Балхахь тIехь ларалуш а,лелалуш а хилча къанвелла аьлла дIа стенна воккху? И вала веза? Адам дац иза? И къаналла Дала дела доцуш санна,и юхьадуьхьал детташ,хIокхара и къоналла а юьхьIаьржа хIоттий,и тIедеъна стаг а юьхьIаьржа хIиттаво-кх».

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG