ТIекхочийла долу линкаш

Бисултанов Апти. Кхоадай алалахь олуш дерг соьга...


Нохчийчоь -- Ненан меттан де даздарш, 2015

Нохчийчоь -- Ненан меттан де даздарш, 2015

Бисултанов Апти

***

Кхоадай алалахь олуш дерг соьга,
Цкъа дохко яла а мегий хьо-м цунна.
Дуьненан марзонех со кхин ца хьоьгу
Я тIаьхьа ца возу ца хьоьгучунна.

Со хууш ву хьуна цкъа мацах дуйна
Дешан а мах боций, йозанан лар а
Къера дуй, безамна мел диъна дуйнаш
Къола дуй марзонна тIекаро яр а.

Со хууш ву хьуна цкъа мацах дуйна
Сайн бахам боцийла цхьа кошан гIирс бен,
Сайн хIума ца хиллий кхоьллича дуйна
Лехнаерг цхьалла бен, кхийринарг ирс бен

Хоршах а гIадваххал цхьалхачу суна
Лаьтта тIе кхаччалца йолучу ханна
Дужуш хьан патарна гIапатар санна
Хьо сайна эшар а тоьуш ду хьуна.

2015 шо

Апти Бисултанов вина 1959 шарахь. Апти -- гоьваьлла нохчийн кхузаманахьлера байтанча ву. 1983 шарахь цо чекхъяккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факултет. Бисултановс арахецна цхьамогIа байтийн гулам. Масала, цуьнан «Ткъесан ӀиндагӀ» гуламана юкъайоьдуш ю шуьйрра евзаш йолу поэма «Хайбахехь язйинарг». 1992 шарахь цунна делира Нохчичоьнан Халкъан совгӀат. Апти Бисултанов 2002-чу шарахь дуьйна Ӏаш ву Берлинехь.

XS
SM
MD
LG