ТIекхочийла долу линкаш

Батаева Хеда

***

Ас къиза дош яздахь, делхий ма даржалахь шекъа,
Ас довха дош яздахь, кехат, ма дагалахь хьо,
ХIай бIаьрхиш, яккхалаш адаман даг чуьра мекха,
КIудална сагатдеш кхойтта шо даьккхина шовда,
Ахьа а де суна сан даг чохь декарца гIо.

Хьуо, мала стаг воцуш, эрна духдийлинчу хенахь,
Шийлачу буьйсана меца борз уьгIича генахь,
И хьенан гIийлачу велхарах тарлора хьуна?
Ткъа хьаннаш хIаллакйо мох стенах тарлора хьуна?

ЛадогIал цкъа соьга, хIай хьаьдда йоьду хьо зама,
Хьо цкъа а ца сецна бохучух-м со тешаш яций,
Хьо сецна цкъа мацах, Iадийна йоьлхучу нанас,
Ткъа йолаелла хьо маьхьаран шийла лар лаьцна.

Хьайн некъах тилъелча, и мохь хьайн некъ бу а моьттуш,
Хьо йоьду лар лаьцна шийлачу маьхьаран ненан,
Хьо гена йоьдуш ю, ткъа мохь а кхаьчна-кха гена,
Дуьнен чу ер йолчу суна а лерсих а кхетта.

Ахь хьенан дог делон денйора бошмаш, хIай бIаьсте?
Кхойттаза еъна хьо, стаг воцуш хазалла хьаста,
Ахь чу са кхоьллинчу бешара стом лаьттах кхетча,
Шийла мохь болура даI хилла Iуьллучу лаьтте.

Ас къиза яздинехь, делхий ма даржалахь, шекъа,
Ас довха яздинехь, кехат, ма дагалахь хьо,
Мел лайнарг ларделахь, диц ца деш, адаман хьекъал,
Ахьа а делахь, дог, хьекъална ца талха гIо.

1990

Батаева Хеда йина 1970-чу шарахь, хьалха СаIди-кIотар олуш хилчу, хIинца ГIойчу олучу юьртахь. Чекхъяьккхина Соьлж-ГIалийн хьехархойн училище а, Нохчийн Пачхьалкхан Университетан филологин факультет а. Дуьххьара зорбане яьлла 1984-чу шарахь "Орга" альманах тIехь.

XS
SM
MD
LG