ТIекхочийла долу линкаш

Батаева Хеда

КIант тIепаза вайначу ненан узам

Малх схьакхетарх - серло йоцуш,
Малх чубузарх - йижар доцуш,
Лаьттахь йоцуш, стиглахь йоцуш
Хьуна йоьлху вина нана.

Дийначарлахь лаха ас хьо?
Белларш болччохь лаха ас хьо?
Дийначунна тIера луо ас?
Веллачунна тIера луо ас?

Ков схьаделла тезет йоцуш,
Ков дIакъовла синтем боцуш,
Хьанна гуш ду кху сан даг чохь
ДIа ца йоьрзуш лаьтта тезет?

БIаьсте йолу боху наха,
Гуьйре йолу боху наха,
Хьо вигначу буса дуьйна
Сан даг чохь ю шийла чилла.

Лаьттахь хезаш аз а дац хьан,
Кешнийн кертахь барз а бац хьан,
Кешнийн керта барма хьочух
Хьегаш ю хьо вина нана.

Стигла ерзий кхайкха те со?
Лаьтта ерзий кхайкха те со?
ДоIанашца Деле доьхуш,
Сайн Iожалле кхайкха те со?

Нохчийн къомо Iазап лайна,
Дала собар лойла вайна.
Цкъа а хилла воцуш санна
Лар а йоцуш, сан кIант вайна.

Кху Iуьйренийн нана лойла,
Кху суьйренийн нана лойла,
Кешнийн кертахь барз боцучу
Цу тезетан нана лойла.

Хьо вац чуван, аравийла,
Доьлху дог сан керча цIийла.
Хьо вигначу неха нанойн
Ойла хуьйла иштта гIийла.

Малх схьакхетарх - серло йоцуш,
Малх чубузарх - йижар доцуш,
Лаьттахь йоцуш, стиглахь йоцуш
Хьуна йоьлху вина нана.

2008

Батаева Хеда йина 1970-чу шарахь, хьалха СаIди-кIотар олуш хилчу, хIинца ГIойчу олучу юьртахь. Чекхъяьккхина Соьлж-ГIалийн хьехархойн училище а, Нохчийн Пачхьалкхан Университетан филологин факультет а. Дуьххьара зорбане яьлла 1984-чу шарахь "Орга" альманах тIехь.

XS
SM
MD
LG