ТIекхочийла долу линкаш

Батаева Хеда

***

Сан кхетам отуш ю къиза
ЖIов санна карзахе ойла,
Кхетамехь хIоттийна къийсам,
Шеконаш лакхене ойуш.

Шеконаш шек а ца йовлу,
Сан амал хIоьттина яларх,
Чевнаш тIе диллина кховра
ЭтIарца меттахадаларх.

Ма къиза, къиза ду дахар.
Битахьа дарбане тешам.
Оьшур-кха, садетташ яха,
Цхьажимма адамех тешар.

Ма оьшуш дацар-кха суна
Кхин цхьа а къовларшка дерзор.
Серло а яр-кха сан суйннал,
Бода а, лаьхьтичу берззол.

Батаева Хеда йина 1970-чу шарахь, хьалха СаIди-кIотар олуш хилчу, хIинца ГIойчу олучу юьртахь. Чекхъяьккхина Соьлж-ГIалийн хьехархойн училище а, Нохчийн Пачхьалкхан Университетан филологин факультет а. Дуьххьара зорбане яьлла 1984-чу шарахь "Орга" альманах тIехь.

XS
SM
MD
LG