ТIекхочийла долу линкаш

Батаева Хеда

Син хьаса ца гучохь

БIаьргашна бIаьрзе хилий, яха боху соьга,
Лергашна къора хилий, лела боху соьга...
(Гайтукаева Бана)

Iаьршашкахь кхоьлина, син хьаса ца гучохь
Боху соь, малх чIогIа къегина, ала,
КIохцалгийн кондарша когаш цIийх бузучохь
Боху соь, зезагийн аре ю, ала.

Шаьш элий хетачу, тентакийн тобано
Суо тентак йоцийла хаийта боху,
Шайн эраш эмкалшна тIехахка кхобучо
Суо эмкал йоцийла хаийта боху.

Ягаеш, йоттуш со дегIах цIе хьерчачохь
БIаьстенан мела мох бу ала боху.
Безашберш, бевзашберш, нана-бер хердечохь
Бехкеверг лаьттахь вац, стиглахь ву, боху.

Лакхара оьгIазло юссийла ца лаахь,
Сан декхар ду боху тийна «къурд» алар.
Ткъа харцо гушшехь, вай биен доцуш Iадда Iахь,
И йийраш вай а ду, ма боху Дала.

2002

Батаева Хеда йина 1970-чу шарахь, хьалха СаIди-кIотар олуш хилчу, хIинца ГIойчу олучу юьртахь. Чекхъяьккхина Соьлж-ГIалийн хьехархойн училище а, Нохчийн Пачхьалкхан Университетан филологин факультет а. Дуьххьара зорбане яьлла 1984-чу шарахь "Орга" альманах тIехь.

XS
SM
MD
LG