ТIекхочийла долу линкаш

Терроран орамаш Оьрсийчоьнца цхьаьна бухабаха беза Малхбузено, аьлла хета Кемеронна


Парижехь терроран тохаршдарца доьзна, и тайпа зуламаш кечдечу тобанийн кара финансаш ца кхочуьйту некъаш къасто бартбина дуьненан лидерша, аьлла дIахьедина Британин премьер-министра Кемерон Дэвида.

Иза цо элира Туркойчохь йоьдучу «Жи-20» саммитан чоьнашкахь. Террор къобал а еш, идеологица иза яржочу экстремисташна дуьхьалоян лаам бу мехкийн куьйгалхойн, цара боьхкур бу тIемалой цхьана мехкашкара кхечу мехкашка кхочу некъаш, элира Кемерона. Саммит йоьдучу юкъанна Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца къамел а хилира Кемерон Девидан.

«Вай цхьаьна ян еза террорна дуьхьало, иза дан деза дуккха а хан а яра, - аьлла Британин лидеро шайн цхьанакхетарехь. Кемеронна хетарехь, Шемахь Иракъехь кхиина терроран орамаш Оьрсийчоьнца цхьаьна бухабаха беза Малхбузено.

XS
SM
MD
LG