ТIекхочийла долу линкаш

Европерчу къаьмнашца цхьаьна францошка кадамаш бо нохчаша


Кеп-кепара туьду пIераскан сарахь, 300 гергга стаг а вуьйш, Францехь терроран тохарш дар дуьненан маьI-маьIерчу бахархоша. Бохаме шайн хьажам бу даймахкарчу тIемаша дуккха а дукха цIий а, адаман белхарш а гайтинчу нохчийн. Австрин шахьарарчу Францин векалтна хьалха меттигерчу бахархошца шайн дог-ойла гайта бахара Венехь беха нохчий.


Францера талламхой бовлуш бохку Парижехь динчу тIелатарийн декъа хилларш а, царна уьш дан гIодинарш а, омра делларш а муьлш бара бохург.

ПIераскан сарахь Францин коьртачу шахьаран масех кIоштахь маьрша нах байъина болу террорхой бархI стагах лаьттачу тобанах хилла. Царех ялх вийна я шаьш эккхарца кхелхина, ворхIалгIа верг Iедалхойн лаца кадаьлла, ткъа кхин цхьаъ къайлаваьлла ларалуш ву.

И тоба, шен рогIехь, кхин а кхаа декъе екъаелла хилла, вовшашца хаддаза зIенехь а йолуш, и талорш дан кечам бечу муьрехь цхьаьнахилла йолчу, Парижан прокуроро Моленс Франсуас пресс-конференцехь динчу дIахьедарца.

Моренс Франсуас тоьшалла дира, массо а терроран тIелатаршкахь декъа хиларш а, царна гIодинарш а кеста гучубохург хиларан. „Тхан коьрта приоритет – таллам бар хье ца далийтар ду“, - элира цуо, хIинцале а Iедалхойн дуккха а хIуманна тIаьхьа кхиа кадалар а хьахош.

Полисхошна евзина, мел кIезга а, кхаа террорхочуьн цIераш. Царех цхьаъ 28 шо долу францхо ву, Амимур Сами цIе а йолуш, Парижан Бобиньи олучу кIоштахь вехаш хилла волу. Кхин цхьаъ Мустафа ИсмаьIал Iумар цIе йолу Мароккора орамаш долу францхо ву.

КхозлагIниг шемахо волчух тера ду, цуьнгахь карийначу паспорте хьаьжча, Аль-Мухьаммад Ахьмад цIе йолчу стагана делла долу. Хаамийн гIирсашкахь даьржина, и стаг кху муьрехь Шемара Европе схьаоьхучу мухIажаршца сехьаваьлла хилла боху эладитта, амма Францерчу полисхоша иза тIе ца чIагIдо, талламаш хIинца чекхбевлла ца хиларна а, шемахочуьн паспорт эцна хилла мегаш хиларна а.

Жимма хьалхехьуо интернетехь баьржина хилла болу кхин цхьаъ гIовгIане хаам, тIелатаршкахь дакъалоцуш шиъ нохчо а хилла, Оьрсийчоьнехь йолчу Нохчийчоьнан тIеман структурашкахь Iамийна волу, бохуш болу, иштта тIе ца чIагIбина францхойн талламхоша. И хабарш, цу кепара, деккъа эладитта долчух тера ду.

Цу юкъана доллучу дуьнентIера маьрша нах шайн францхошца солидаралла гайта арабевллера кIиран суьйранна. Римехь а, Берлинехь а, ХIелсинкехь а, Брюсселехь а, ур-аталла Шемарчу гIаланашкахь а бехк боцуш баъйинчарна кадам баран а, террорхой емал баран а акцеш дIаяьхьира эзарнаш наха.

Йистах ца бисира иштта Европехь бехаш болу вайнах а. Венерчу Францин векалтин берте бахнера, зезагаш а эцна, кхечу бIеннашца тайп-тайпанчу къаьмнех болу меттигера бахархошца цхьаьна, цу гIалахь бехаш болу нохчи.

Акцехь дакъалоцуш хиллачу Ичкерия цхьаьнакхетараллин куьйгалхочуо, Австрерчу нохчийн диаспорин жигархочуо Исханов Хьусейна дийцира Маршо радионе, вайнаха цу кадамбарехь дакъалацар мел мехала а ду а, иза нохчийн декхар шена хIунда хета а бохучух лаьцна.

Исханов: „Вайна тIехь а иштта къизаллаш хилла дена, цигахь хилларг вай къобал ца дойла хаийта баьхкина бу кхуза Венера нохчи. Вай кхузахь Iаш хилча, кхузарчу нахах Iоттабелла сингаттам – иза вайн сингаттам а бу, вайн лулахой а, накъостий а хилла кхузарчу нахах.

Муьлхачу а лартIехьчу адаман декхар ду цхьанна бохам тIебеъча, цуьнга кадам бар, цунах къахетар. Нохчийчохь тIом болчу хенахь уггаре а алсамох вайн къомах кхахеттарш а, тIамна дуьхьал гуламаш а, боламаш а беш гIевтина хилларш а францхой бар, инзаре дукха вайнах тIе а лецира цара шайн махкахь.

Вай тахана цара динарг дина ца аьлча, вай тахана вайга лацалучу агIор церан бохамехь дакъа ца лацахь, оьзденгаллех духу вай, осала хуьлу вай. Вайн цхьаболчу махкахошна юккъехь цхьа хIума ду тIаьхьарчу хенахь даьржина, нагахь санна цхьа стешха стаг нахана юккъехь ша гайта а, вистхила а кхоьруш велахь, цо шен стешхаллина бахьанаш лоьхуш, бусулба динах паспорт а дой, бусулба динехь магийна дац хIара я важа бохуш, кийтарлонаш лелайо.

Цо ца олу „со кхоьру митинге ван я сайна хетарг олуш вистхила“, цуо бусулба динна тIебуьллу боллу бехк а. Амма бусулба дино вайга нахана сингаттам баьлча, царна кадам ма бе ца боху, и нах бусулба белахь я кериста белахь а“.

Масех кочар зезагаш а, ткъа иштта „Оха, нохчаша, доггаха кадам бо беллачийн гергарчарна а, францхойн къомана а“ аьлла йозий, Нохчийчоьнан байракхий тIехь йолу кехат а дитира Венерчу нохчаша Францин векалтин бертехь.

Цу юкъана Францин премьер-министр волчу Валс Манюэла оршот дийнахь дIахьедар дина, кесталгIа йоллучу Европехь а терроран тIелатарш хила сахьт дац, аьлла.

РТР цIе йолчу телерадикампанина ша еллачу интервьюхь цуо билгалдаьккхира, аьхка дуьйна францхойн къайлахчу сервисаша массийта теракт гучуяьккхина а, ца йойтуш сацийна а хилар, ткъа иштта полисхошна Францехь а, кхечу Европерчу пачхьалкхашкахь а кечдеш терроран тIелатарш хилар хууш хилар а.

„Терроризм вайх летта, кхин а лата кечлуш а ю кху деношкахь а, тIедогIучу кIиранашкахь а. Ас иза нах кхерорхьама бохуш дац, францхой цу хIуманах кхеташ хилийтархьама бохуш ду“, - элира цуо. - Ехха хан яккха езар ду вайн цу терроран кхерамца“, - аьлла тIе а тухуш.

XS
SM
MD
LG