ТIекхочийла долу линкаш

Францин коьртачу шахьарахь, Парижехь, цхьа могIа талораш дар хьокъехь хаам гIарбаьккхичхьана а, лерса ирдина, ладегIамехь хан токхуш бу бIеннаш вайнах.

Францин коьртачу шахьарахь, Парижехь, цхьа могIа талораш дар хьокъехь хаам гIарбаьккхичхьана а, лерса ирдина, ладегIамехь хан токхуш бу бIеннаш вайнах.

Цара даггара сатуьйсург цхьаъ ду: оццул дукха бехк-гуьнахь а доцу маьрша нах а бойуш, Парижехь дина и инзаре, акха эрчонаш бахьнехь вонна а, диканна нохчий ца хьехабойла.

Бакълена а, буха диллина мел перза, деза хIума хиларх, вайнахе кхеталуш хIума дац цхьана баха-бахка ураме бевлла, я садаIа, буьйлабала арабевлла маьрша бахархой, бераш, зударий, баккхийнаш, бен-башхалла доцуш, сел къиза хIаллакбар.

Оцу лелхийтарша, бIаьрзе диттинчу герзаша хьере дина адам. Нохчашна дешнаш ца карадо,хIара и аьлла Парижехь хиллачун мах хадо.

Массара а дикане сатийсарца дагалоьцу, тIамах, халонех, дацаро махках баьхна, бевдда бахана шайн гергарнаш.

Оцу талорах хаам леере кхаьчхьана а кIохцалш тIехьсанна даьккхина ша масийтта сахьт бохуш дийцира Новр кIоштерчу Эгиева Асмаа.

Эгиева: «Дин кхин делахь а, хийла бусалба ду шаьш бохучу нахал а бIозза гIоле бу-кх, изза французаш а, немцой а, австрийхой а, кхиболу европейцаш а. Нийсонан дай бу, бехк боцчуьнга харцо а кхийдор яц, ахь низамаш талха ца дичхьана, хьоьга а, кхечуьнга а хIума а бохур дац».

Цхьа дош басар дан ца оьшуш цу кеппара хестадо вайнаха Европера къаьмнаш а, Iар-дахар а.

Кхузара тамаше дац шайн эзарниш гергарниш тIе а лаьцна, царна юург-мерг, тховкIело латтош бехачу хIусамдайшка вон дар нохчашна доза а доцуш новкъадар.

Нохчийчохь бехачу могIарерчу нахана даггара лаьа, и тало


раш бахьнехь куьг бехкениг билггал мила ву а хиъна, жоьпе озавойла а, бехк-гуьнахь доцчарна цхьана кепара тIеIаткъам ца беш буьтийла а

Дегалазамца тIеэцна Парижера бохам Нохчийчохь а. Цкъа делахь, хаьа нохчашна мел хала ду бехк-гунахь доцчу нахана шайна дуьхьал зуламдар кхето а, лан а.

ШолгIа делахь – Нохчийчуьрчу вуно дукха нехан гергарнаш беха Францехь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG