ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парижехь нах а бойъуш динчу тIелетарийн ларш толлуш ю


115 эзар кхерамзаллин урхаллашкара белхахо ву Парижехь нах а бойъуш динчу тIелетарийн ларш толлуш, элира шинарийдийнахь Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Газеню Бернара. Зуламхой шайн махкахь а, гонахарчу пачхьакхашкахь а лехарал совнаха, Парижо жигарадаьккхина Шемарчу жихIадхошна ден авиатохарш, бохура Газенюс.

Парижерчу бохамийн доцца жамI: стадионна, концертан хIусамна, ресторанашна тIелеттачу террорхоша 129 стаг вийна, бIеннаш лазийна. Нах байинарг шаьш ду аьлла интернетехула дIахьедира Шемарчу «Исламан Пачхьалкх» шех олучу тобанан векалша.

Брюсселехь шайн кхеташо йоьдуш Европан Бертан тIеман министрша дIахьедина, шайн ницкъаш мел оьшучу а барамехь кхочур бу Францина гIоне, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG