ТIекхочийла долу линкаш

4 миллион кхо бIе эзар гергга болхбоцу нах бу Оьрсийчохь


Болхбоцу нах диъ миллион кхо бIе эзар гергга бара Оьрсийчохь бахначу баттахь, аьлча а, къахьега таро йолчу 100 вахархочух 6 стаг юккъерчу хьесапехь. Хаамбинарг ю пачхьалкхан статистикан урхалла Росстат.

Стохка кху хенахьчул а дукха бу белхаш ца карочийн барам. Зераша гойту Оьрсийчохь бутт батте мел болу болхбацар совдолуш хилар, боху Росстато. Оьрсийчоьнна цо Украинера кризис марсаяхарца доьзхна санкцеш кхайкхийчхьана схьа къаьсттина дукха белхаш меттигаш дIакъовла дезна пачхьалкхерчу юккъерчу а, жимчу а бизнесан.

ХIора шолгIа вахархо бен вац Оьрсийчохь, цхьаьнхьа болх а беш, тIе рицкъ догIуш.

XS
SM
MD
LG