ТIекхочийла долу линкаш

Интерполехула лаца кхайкхийна Мухадинов Руслан


Политик оппозиционер Немцов Борис вен кечамбинарг хиларна бехкевеш, Интерполехула лаца кхайкхийна волу Соьлж-ГIаларчу «Къилбаседа» батальонехь гIуллакхдина Мухадинов Руслан Цхьанатоьхначу Iаьрбан Эмираташкахь хила тарло, цигахь ша петар а эцна дIатарбинчу шен доьзалца цхьаьна, хаамбо «Коммерсант» газето.

Цо бахарехь, талламчийн догдохийла ду Эмираташа иза шайга схьаваларе, хIунда аьлча, шина пачхьалкхана юкъахь барт бу шайна зулам динарг вовшашка дIавала.

Кхушеран Чиллан-баттахь Москох Немцов верна бехкехила тарлуш лаьцна ву «Къилбаседа» батальонера пхиъ. Царех цхьаъ, Губашев ШахIид бен ца хилла зуламдарна къера.

XS
SM
MD
LG