ТIекхочийла долу линкаш

Парижера эккхарш, боккха тIом балийта дина ду аьлла хета цхьаболчу нохчашна


45 шо долу Дачаев Зеламх, тахана Нохчийчохь вехаш ву. Францехь дуккха а хан яьккхина цо. Ши шо хьалха, цIаван дезнера цуьнан. Амма, уггаре а де доьхначу хенахь, шена тховкIело еллачу пачхьалкхца уьйра тахана а хада ца йо цо. Барам боцуш баркаллийца дагаоьху цунна цигахь яьккхина хан. Цундела, халахетарца тIеэцнера, Парижехь хилла долу терроран тIелатарш. Цул совнаха, эккхар хиллачу «Стад де Франс» стадионехь гIаралхо болх бина а ву иза. Цунна дика евза, цигара чекхволаран система. Цундела, оцу хиламан шена хьежам бовзийтира цуо Маршо Радионе.

Дачаев: «Цигахь схьагуш долу сурт муха ду хьуна аьлча, массийта гуо бу. Арахьара гуо, полицийн жандармийн бу. Со цкъа балха тIаьхьа а висина ведда воьдуш гича, жандармо соьга корта ластийра «ахь хIун до» аьлла. Ас сайн карта гайтича, чекхвалийтира. Мелла а малбелла бу уьш.

Божаршна а, зударшна а шай таллам беш лерина нах бу цигахь. КхоалгIа го а, биолгIа а го а бу. Стадионехь ловзарш дIадоладелча, арахь болу полисхой, шай машенаш чу а ховший, Iа. Оцу белхан доккхах долу дакъа дIахьош берш, сан белхан накъостий бу».

ХIинца билгала хууш ду, оцу стадионехь, болх бечу Iаьрбо гIаралхочо, полицех чекха а ваьлла, дуккха а нах болчу эккха воьдуш волу террорхо сацинийла. Ша а велла иза. Цо, иза ца динехьарий, беллачеран а, лазийначеран а терахь дуккхазза лекха хира дара боху, Дачаев Зеламхас.

Дачаев: «Иза дуьйцуш а дац, хазош а, дIаолуш а дац. Оцу гIаралхочуьнах чекхавала гIерташ верг цо чекхавалийтинехьарий, байинарш тIехсов дукха хира бара. Цо дехьа ца валийтаро дина иза. Полици а кхайхкиниа боху цо цига. Бусулба къонахчо санна, цо майралла гайтина. Цигахь болх бечарах 80 процент бусулба нах бу».

«Стад де Франс» стадионехь ша болх бечу хенахь, чолхалла кхуллучу хьелашна шаьш даиманна кечдора боху, цигахь гIаралхо болх бинчу Дачаев Зеламхас. Дукхачу хьелашкахь, иза доьзна хуьлура, ловзучу тобанийн фанаташ вуолеларца. Шена а тIеIоттаделлера ишттаниг, бохуш кхин дIа а дуьйцу цо.

Дачаев: «Ирландий, Франций регби ловзучу хенахь, суьдхочо и ловзар ца дайтира, арахь шийла ю аьлла. Ирландхой мелла бара. Ша мел йолу стадион меттах яьллера. Уьш совцо безаш боккха болх бара. Айятуль курси дара ас доьшуш. И лам санна адам чухахкаделча, со цигахь хьура волуш вара мича вахна а ца хууш.

Оцу ирландхойн тобанна коьртехь верг вара, кертана дехьа, со шена мар кхетахь, ша дIавоьду элира цо. Сан белхан накъосто соьца мишка йириа, ма гIолахь аьлла. Со тIе а вахана мар кхийтира цунна. ТIаккха, шен тоба а эцна, бехна боллушехь, дIавахара иза. Ирландхойн фанаташ Европехь а дика бевза, уьш чIогIа вуолелаш болун дела. Оьрсийчохь санна къизалла, вовшех дера хилар дац цигахь».

Европехь уггаре а дукха бусулба нах беха, цаьрца культураца а, дахарца а, ийна болчу французийн республикан бахархоша ша тайпа тIеоьцу аьлла хета Дачаев Зеламхан хилларг. Юккъараллехь, дуьненахь лоруш хилла долу мехаллаш шеконе дехка, тахана ца долийна. Иза, 2003 шарахь, Iамерка Иракъе чуйоьдучу заманахь доьххьара шена тусаделла, аьлла тидам бира цо.

Дачаев: «И зулам царар оцу нахана дича, суна чIогIа новкъа деара. Цигахь тIехсов хьал долуш нах а бац уьш. Со кхетара вара эскархошна доьхьала динехьарий. Иза тIеман низамаш ду. Демократийн институташ харцо йолийна дикка хан ю.

2003 шарахь Iамерка Иракъе чуйоьдучу хенахь 2 миллион стаг араваьллера Францехь. Жак Ширака а элира, шаьш Iамеркан доьхьала дац, тхуна тIом ца безар ду элира. ХIинца и зулам муха, маца соцура ду а кхеташ вац со».

Тахана, дукхачу нехан шеко яц, Францехь хилла долу эккхарш, динан бух а болуш, цкъа а чакхе хира йоцу тIом боло лууш дина хилар. Дачаев Зеламхан дика хета, оцу хIуманах кхеташ а, и хIума гена ца далийта а, дог-ойланаш францийн юккъараллехь алсам хилар. Даьллачу гIалаташна тIехь, кхин дIа а уьш Iаьмчхьана, элира цо.

XS
SM
MD
LG