ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

6 сахьтехь тIематасадалар хилла Францехь


Террорхойн ларш лохуш Парижна уллерчу Сен-Дени гIалахь рейдашкахь долчу францхойн полицин дакъойн кхарийдийнахь тIематасадалар нисделла. Бечу хаамца, полисхоша цхьаъ вийна, шолгIаниг – зуда – иккхина шахIидан доьхканца.

6 сахьтехь лаьттинчу кхийссарийн жамI иштта ду: 7 стаг террорхо хила тарлуш лаьцна. Операци дIахьош чевнаш хилла пхеа полисхочунна. Деношкахь 129 стаг а вуьйш, Парижехь дина терроран тохарш толлуш гучудаьлла, зуламхошна коьртехь Белгехь веха Iаьрби Iабдул-Хьамид Iабауд хилар. Цуьнан уьйраш къайлабевлла керла зуламаш дан, аьлла кхаьчна хилла полици Сен-Дени гIала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG