ТIекхочийла долу линкаш

Сараевохь ша-шен эккхийтина талорхочо


Кхаарийн сарахь Сараевохь маса тоьпаца массех вахархо а лазош, ши эскархо вийна, цул тIаьхьа цхьа хан яьлча шен цIахь ша-шен эккхийтина стаг валар толлуш ду Боснийн Iедал.

Полицино каравар доьхучу муьрехь иккхина иза. 34 шо долчу Омерагич Энеса ловзарийн автоматаш йолчу чу а вахана вийна цу чохь хилла ши салти.

Динарг терроран тохар лору меттигерчу полицино. Набахтехь хан текхна волу Омерагич, лулахоша бинчу хаамашца, наркотикаш лелош хилла, ткъа цхьа хан хьалха Шема вахана а лелла.

XS
SM
MD
LG