ТIекхочийла долу линкаш

Мединский Владимир: Истори Iедална ма-оьшшу язйина хила еза


Оьрсийчоьнан синбахаман министрна Мединский Владимирна Оьрсийчоьнан школашкара историн киншканаш пачхьалкхана пайде долччу кепехь язйина хила еза аьлла хета.

Иза цо дIахьедина, РИА «Керланаш» агенталло бахарехь, еарийдийнахь Москох дуьненан юкъарлонийн МГИМО институтехь къамелдеш.

Оьрсийчоьнан школашна историн юкъара Iамант кхолла еза боху ойла хазийра президента Путин Владимира 2 шо ах шо хьалха.

Цхьана стандартера Iаманташ юкъаехира школашкахь кхушара. Амма хийцамаш а беш кечйина кинжканаш политика буха тIехь кечйина ю боху критика хеза хIинца Оьрсийчохь.

«Историн Iаманташ, хиллачуьнца юьззина йогIуш, Iедало нийса хиларца зийначу буха тIехь кхолла еза» - аьлла Мединскийс МГИМО-хь.

XS
SM
MD
LG